|
| 1 |
|
| Иштта жоп делира наӀматхо волчу Цупара: |
|
| 2 |
|
| «Сан ойланаша соьга жоп долуьйту, цундела вистхила сихвелла со. |
|
| 3 |
|
| Со сийсазвоккхуш тӀехбеттамаш суна хезаш хилча, сан кхетамо со иракарахӀоттаво царна жоп дала. |
|
| 4 |
|
| Хьуна хууш дац, тоххара дуьйна схьа, лаьтта тӀехь адам кхоьллинчу хенахь дуьйна, |
|
| 5 |
|
| харцволчун синкъерам кӀеззигчу ханна буйла, Ӏесачун самукъадалар йоццачу ханна бен доцийла а? |
|
| 6 |
|
| Цуьнан куралла стигала кхаччалц лакхаяьлча а, цуьнан корта мархех хьекхалуш хилча а, |
|
| 7 |
|
| иза шен боьхалла санна, массо а ханна дӀавер ву, ткъа иза хьалха гина болчара: „Мичахь ву иза?“ — бохуш, хоьттур ду. |
|
| 8 |
|
| ГӀан санна, карор воцучу тайпана къайлавер ву иза, буьйсанан сурт санна, гучуьра дӀавоккхур ву иза. |
|
| 9 |
|
| Иза гина болчу бӀаьргашна кхин гур вац и, ваьхначу меттигашна а кхин гур вац иза. |
|
| 10 |
|
| Цуьнан кӀентий сагӀадоьхучарна хьалха а хьесталуш лелар бу, цо гулдина хьал цара юхадала дезаш ду. |
|
| 11 |
|
| Цуьнан дегӀ дузийна хилла къоналлин ницкъ цуьнца цхьаьна кошан ченала буьжур бу. |
|
| 12 |
|
| Вон цуьнан багахь мерза делахь а, цо маттана бухахь иза дӀалачкъадахь а, |
|
| 13 |
|
| иза лардеш, охьа а ца кхуссуш, шен багахь, стигална буьххьехь латтадо цо. |
|
| 14 |
|
| И санна кхача гай чохь муьста хир бу, цуьнан кийрахь лаьхьанан дӀовш хилла дӀахӀуттур бу. |
|
| 15 |
|
| Цо дӀакхаьллина болу дуьненан бахам схьаӀеттор бу, Дала цуьнга иза цуьнан кийрара схьатосуьйтур бу. |
|
| 16 |
|
| Цо цӀубдеш дерг лаьхьанан дӀовш ду, лаьхьанан матто иза вуьйр ву. |
|
| 17 |
|
| Цо зовкх хьоьгур дац татолех а, мазах а, кӀалдах а дуьзна долчу хих а. |
|
| 18 |
|
| Къахьегарца ша гулдинарг, дӀа а ца кхоллуш, юхадала деза цо, йохкаэцарх ша яьккхинчу санах цо зовкх хьоьгур дац, |
|
| 19 |
|
| хӀунда аьлча цо нах бацийна, ца вешаш, ша дина доцу церан цӀенош схьа а даьхна. |
|
| 20 |
|
| Цуьнан сутаралла бух боцуш яра, цуьнан лаамийн доза а дацара. |
|
| 21 |
|
| Цхьа а хӀума цо дӀакхаллаза дисна дац, цундела цуьнан беркат дукха лаьттар дац. |
|
| 22 |
|
| Шен совбаьллачу бахамна юкъахь цунна готта хир ду, цуьнан синан бала массо а ницкъаца цунна тӀе охьабужур бу. |
|
| 23 |
|
| Шен тӀингар цо эккха йоллуш юзош хилча, Делан оьгӀазалла юссур ю цунна тӀе, догӀа санна, цунна тӀе таӀзарш а доуьйтур ду. |
|
| 24 |
|
| Шаьлтанах кӀелхьарвалар цуьнан хилахь а, цӀестан секхаӀодан пха цунах кхетар бу. |
|
| 25 |
|
| И пха схьабаккха иза хӀоттахь, цуьнан стима юккъера къегаш иза схьабалахь, эццахь евзар ю цунна Ӏожаллин инзаралла! |
|
| 26 |
|
| Ӏаьржа бода бу иза ларвеш цуьнга хьоьжуш. Цхьаммо а серлайоккхуш йоцучу цӀаро дӀакхоллур ву иза, цуьнан четар чохь мел хилла долу хӀума а хӀаллакьхир ду. |
|
| 27 |
|
| Стигало цуьнан харц хилар дӀадоьллур ду, латта а цунна дуьхьалдер ду. |
|
| 28 |
|
| Цуьнан цӀера цо мел гулдинарг дӀадер ду, хи санна, дӀагӀур ду Делан оьгӀазаллин дийнахь. |
|
| 29 |
|
| Иштта хир ду Ӏесачун Делера долу дакъа, иштта Делера кхел а хир ю цунна». |
|
|
|
|