|
| 1 |
|
| Аюба цунна жоп делира: |
|
| 2 |
|
| «Дикка ладогӀалаш ас бохучуьнга, цунах суна шуьгара синхьаам хир бу. |
|
| 3 |
|
| Ас къамел дечу юкъана сатохалаш, со аьлла ваьллачул тӀаьхьа сох кхарда а мегар ду шуна. |
|
| 4 |
|
| Со адамна арз деш ву? Вац! Со собар доцуш хиларан доккха бахьана ду. |
|
| 5 |
|
| Соьга схьа а хьовсий, инзардовла, шайн бета тӀе куьг а дилла. |
|
| 6 |
|
| Цунах ас ойла йича, къемато дӀалоцу со, сан дегӀ а дего долало. |
|
| 7 |
|
| Ӏесанаш дукха хӀунда беха, къеналле а кхочуш, хьолехь сов а бохуш? |
|
| 8 |
|
| Церан бераш царна хьалха дӀахӀиттина хуьлу, церан тӀаьхье церан бӀаьргаш хьалха хьалакхуьу. |
|
| 9 |
|
| Церан цӀенош чохь кхерам ца лаьтта, Делан гӀаж а яц царна тӀехь тӀеайина. |
|
| 10 |
|
| Церан бугӀанашкахь массо а хенахь ницкъ хуьлу, ткъа церан хьелаша, оста а ца довлуш, эсий а до. |
|
| 11 |
|
| Жа санна, арабовлуьйту цара шайн кӀентий, церан кегий бераш дӀасалелхаш ловзу. |
|
| 12 |
|
| ЖиргӀанаш а етташ, дечиг-пондарш а лоькхуш, эшарш лоькху цара, зурманан гӀовгӀанехь са а къоьру. |
|
| 13 |
|
| Церан шераш беркатехь дӀаоьху, тӀаккха паргӀатонехь эхарте кхочу. |
|
| 14 |
|
| Цара Деле боху: „Дита тхо, Хьан некъаш довза тхуна ца лаьа! |
|
| 15 |
|
| Мила ву Нуьцкъалниг оха Цунна Ӏамал ян? ХӀун пайда болу доӀанца Цунна тӀе верзарх?“ |
|
| 16 |
|
| Амма церан беркат церан-шайн куьйгаша кхоьллина дац. Иштта Ӏесачеран хьехамаш тӀеэцар генахь ду суна! |
|
| 17 |
|
| Кест-кеста бойий те Ӏесачийн чиркх? Кест-кеста вонаш догӀий те цаьрга? Ша оьгӀазваханчу хенахь кест-кеста Дала баланаш хьовзабой те царна тӀе? |
|
| 18 |
|
| Кест-кеста моха еана йолу ча санна бу те уьш, я йилбазмохо дӀахьош йолу кегаш санна бу те? |
|
| 19 |
|
| Бохуш ду: „Адамна догӀу таӀзар Дала цуьнан берашна кхоадо“. Амма ас олу: адамна шена дойла Цо таӀзар, иза кхетийта! |
|
| 20 |
|
| Цуьнан бӀаьргашна гойла шен хӀаллакьхилар, цо ша молийла Ницкъболчун оьгӀазалла! |
|
| 21 |
|
| Иза веллачул тӀаьхьа цуьнан хӀун бала бу шен доьзалан, цуьнан оьмаран беттанаш чекхдевлла хилча? |
|
| 22 |
|
| Далла хьехамаш бойла дуй те, Цо лаккхахь Ӏаш болчарна а кхел еш хилча? |
|
| 23 |
|
| Цхьаъ шегахь буьззина ницкъ болчу хенахь ле, цхьана а хӀуманан бала а, гӀайгӀа а йоцуш. |
|
| 24 |
|
| Цуьнан кийра махьарех буьзна бу, цуьнан даьӀахкаш тӀамарах юьзна ю. |
|
| 25 |
|
| Ткъа важа шен дог доьхначохь ле, цкъа а цхьана а дикачух зовкх а ца хьегна. |
|
| 26 |
|
| Амма и шиъ цхьабосса лаьтта вуьжу, нӀаьнаша цхьабосса къайла а воккху. |
|
| 27 |
|
| Суна шун ойланаш а, хӀилланаш а девза, аш сайна дуьхьал даха кечдина долу. |
|
| 28 |
|
| Аша олу: „Мичахь ду къизачу баьччанан цӀа? Мичахь ду Ӏесанаш чохь Ӏийна четар а?“ |
|
| 29 |
|
| Некъахошка хаттарш ца дина те аша? Церан дийцарийн тидам ца бина те аша? |
|
| 30 |
|
| Бала тӀебеанчу дийнахь зуламхо кхоош хуьлу, Делан оьгӀазаллин дийнахь иза кӀелхьарвоккху. |
|
| 31 |
|
| Цуьнан лелар юьхь-дуьхьал хьан емалдийр ду? Цо диначух хьан бийр бу цунна бекхам? |
|
| 32 |
|
| Иза Ӏожаллин новкъа ваьккхинчул тӀаьхьа, цуьнан кошана улло гӀарол хӀоттадо. |
|
| 33 |
|
| ТогӀи чохь кошан латта цунна мерза хуьлу. Массо а стаг цунна тӀаьхьахӀоьттина вогӀу, цунна хьалха йоьду тоба ягарйина а вер вац. |
|
| 34 |
|
| Шун эрначу хабарх суна синхьаам муха хир бара? Аша мел динчу жоьпех харцо бен ца юьсу!» |
|
|
|
|