|
| 1 |
|
| Теманхо волчу Элипаза, жоп а луш, элира: |
|
| 2 |
|
| «Далла хӀун пайда бу адамах? Ур-атталла хьекъал долчух хӀун пайда бу Цунна? |
|
| 3 |
|
| ХӀун синкъерам бу Нуьцкъалчунна хьо бакъ хиларх? ХӀун пайда хир бара Цунна хьан некъаш цӀена хиларх? |
|
| 4 |
|
| Цунна хьалха хьо ларамах вуьзна хилар дуй те хьуна Ӏиттарш еш а, хьо кхеле вуьгуш а Иза лелар? |
|
| 5 |
|
| Бакъду, хьан вонаш дукха ду, хьан къинош доза доцуш ду. |
|
| 6 |
|
| Бахьана доцуш вежаршкара закъалташ ийдина ахьа, царна тӀера бедарш а яьхна, уьш беркъа а бохуш. |
|
| 7 |
|
| ГӀелвеллачунна мала хи а ца лора ахьа, мацвеллачуьнга бепиг а ца кховдадора. |
|
| 8 |
|
| Ницкъ болчуьнга ахьа латта схьалоцуьйтура, цӀеяхана верг цигахь ваха а хоуьйтура. |
|
| 9 |
|
| Бисина Ӏаш болу зударий даьссачу куьйгашца ахьа дӀабохуьйтура, ахьа байшкахь болу ницкъ а хӀаллакбора. |
|
| 10 |
|
| Цундела ду хьуна гонах хӀиттийна гураш, цундела хьо цӀеххьана къемато Ӏадийна ву. |
|
| 11 |
|
| Цундела хьуна хӀумма а ца галлал бода тӀебеана, цундела хи тӀедаларо хьо къайлавоккхуш ву. |
|
| 12 |
|
| Дела лекхачу стигалшкахь Ӏаш вац ткъа? Хьалахьажал седарчашка, мел лекха ду уьш! |
|
| 13 |
|
| Ткъа ахьа боху: „ХӀун хаьа Далла? Цуьнга адамна кхел ялур юй те юькъачу мархашна юкъара схьа?“ |
|
| 14 |
|
| Мархаша хӀума ган Цунна новкъарло йо, Иза стигалан Ӏаьршашкахула лелачу хенахь. |
|
| 15 |
|
| Ткъа гӀур вуй те хьо кхидӀа а ширачу а, зуламхоша баьккхинчу а новкъа? |
|
| 16 |
|
| Уьш шайн хан а кхачале хӀаллакьхилла, ткъа церан цӀенош хино дӀадаьхьна. |
|
| 17 |
|
| Цара Деле баьхна: „ДӀавала тхуна уллора! ХӀун дийр ду тхуна Ницкъболчо?“ |
|
| 18 |
|
| Ткъа Цо церан цӀенош хьолах хьаладузура. Амма ас церан хьехамаш тӀеоьцур бац! |
|
| 19 |
|
| Амма бакъахьа леларг, цаьрга а хьоьжуш, церан дакъазадийлар а гуш, сакъералуш хир ву, цӀена верг царах воьлуш а хир ву: |
|
| 20 |
|
| „ХӀаллакьхилла тхан мостагӀий, ткъа царах диснарг цӀаро хӀаллакдина“. |
|
| 21 |
|
| Делаца тайна хилахьа а, Цуьнца барт болуш вахахьа. Иштта хиларца хьуна тӀе дика догӀур ду. |
|
| 22 |
|
| Цуьнгара схьаболу хьехам дӀаэца, Цуьнан дош хьайн даг чу дӀадилла. |
|
| 23 |
|
| Нуьцкъалчунна тӀе верзахь, хьо юхаметтахӀоттийна хир ву. Нагахь санна хьайн хӀусамера къинош ахь дӀалахкахь, |
|
| 24 |
|
| нагахь хьайн деши ахь ченашка дӀакхоссахь, Апаран деши — Ӏаннийн тӀулгашка, |
|
| 25 |
|
| тӀаккха Нуьцкъала Дела хьан деши хилла дӀахӀуттур ву, Иза иштта къегаш долу дети санна хьуна хир ву. |
|
| 26 |
|
| ТӀаккха хьо Нуьцкъалчунах воккхавер ву, хьайн юьхь Далла дуьхьал а ерзор ю ахьа. |
|
| 27 |
|
| Ахьа доӀа дича, Цунна дӀахезар ду, тӀаккха кхочушдийр ду ахьа хьайн нигаташ. |
|
| 28 |
|
| Ахьа дагалаьцнарг дерриг а кхочушхир ду, хьан некъаш тӀехь серло хир ю лепаш. |
|
| 29 |
|
| Адамаш охьатаӀийна делахь, ахь эр ду: „Хьалаайина хила“, ткъа корта охьабахийтинарг Дала кӀелхьарвоккхур ву. |
|
| 30 |
|
| Бехк берг а Дала кӀелхьарвоккхур ву, цуьнан кӀелхьарвалар хьан цӀена куьйгаш бахьана долуш хир ду». |
|
|
|
|