Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Аюба, жоп а луш, элира: |
| 2 |
| «Тахана а къаьхьа ду сан аьрзнаш, куьйгаца сайн узарш ас Ӏаткъадахь а. |
| 3 |
| Суна хууш делахьара, Дела мичахь карор ву а, Цуьнан хӀусам йолчу со дӀавогӀуш велахьара а, |
| 4 |
| аса дӀадуьйцур дара Цуьнга сайн гӀуллакх, сайн бага со бехказадохучу дешнех а юзур яра. |
| 5 |
| Цо сайга хӀун олу а хуур дара суна, Цо сайга бохучух а кхетар вара со. |
| 6 |
| Шен болчу ницкъаца соьца къовсалур вара те Иза? Вацара! Цо Шен тидам суна тӀебохуьйтур бара. |
| 7 |
| ТӀаккха бакъахьа лелаш волу со Цуьнца къовсавала мегара, ткъа суна а сан Кхелахочуьнгара массо а ханна паргӀато хир яра. |
| 8 |
| Со малхбузехьа дӀавоьду — цигахь Иза вац, малхбалехьа — цигахь а суна Иза ца караво. |
| 9 |
| Иза къилбаседехь къахьоьгуш хилча а, сан Цунах бӀаьрг а ца кхета, къилбехьа Иза дӀавирзина хилча а, суна Иза гуш вац. |
| 10 |
| Ткъа Цунна хууш ма ду, со лела некъ муьлха бу. Цо со зийча, деши санна, цӀена хилла дӀахӀуттур ву со. |
| 11 |
| Цуьнан лар лохуш, леррина вогӀу со. Юьстах а ца волуш, Цуьнан некъ ас ларбо. |
| 12 |
| Цуьнан багара девллачу весеташ тӀера со ца ваьлла, Цуьнан багара дешнаш сайн даг чохь Аса леладо. |
| 13 |
| Иза хийцам боцуш ву — мила ву Иза хийцавалийта? Шена дага мел деанарг Цо кхочушдийр ма ду. |
| 14 |
| Суна дуьхьал Ша леринарг Цо кхочушдийр ду, ишттаниг Цуьнан дуккха а ду дӀадиллина. |
| 15 |
| Цундела ву со Цунна хьалха Ӏадийна, айса ойла ешшехь — Цунах кхерало со. |
| 16 |
| Дала кӀаддина сан дог, Нуьцкъалчо со кхерийна. |
| 17 |
| Со вист ца хуьлуш лаьтташ вац, бода белахь а, сан юьхь Ӏаьржачу бодано дӀахьулйинехь а». |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/job/023.mp3
42
23