×

Делан Йозанаш 2012

Аюб 25

1
Шуахьахо волчу Билдада, жоп луш, элира:
2
«Ӏедал а Делан ду, ларамах бузуьйтуш ву Иза. Лекхачу Шен стигалахь Цо машар латтабо.
3
Чот юй те Цуьнан эскарийн? Хьанна тӀе ца юссу Цуьнгара серло?
4
Муха хир ду адам Далла хьалха бакъ? Муха хир ву зудчо вина волу стаг цӀена?
5
Цуьнан бӀаьргашкахь бутт а сирла ца хилча, Цунна хьалха седарчий а цӀена ца хилча,
6
кхин а кӀезиг ду адам — нӀаьвцицигах а, нӀаьнах а терра бен вац адаман кӀант».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки