Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Жоп луш, Аюба элира: |
| 2 |
| «Стенна тӀехь гӀо дина ахьа гӀора дӀадаьллачунна? Куьйгашкахь ницкъ боцучунна гӀо диний ахь? |
| 3 |
| ХӀун хьехар дина ахьа хьекъал доцучунна? КӀорга хьекъалалла луш ницкъ бина ахьа хьайна! |
| 4 |
| Хьан гӀо дина хьуна и дешнаш ала? Хьенан са дара хьан багахула къамел дийриг? |
| 5 |
| Хина а, цунна чохь бехачарна а бухахь беллачийн синош дегош лаьтташ ду. |
| 6 |
| Эхарт Далла хьалха дерзина а ду, талхаран меттиган кхалор а яц. |
| 7 |
| Цо яьссаллина тӀехь къилбаседехьара стигал дӀаяржийна, цхьа а хӀума йоцучохь латта а хьалаоьллина. |
| 8 |
| Шен мархаш юкъахь хи схьагулдо Цо, ткъа марха хи деза хиларх екъа а ца ло. |
| 9 |
| Цо беттасин юьхь дӀалачкъайо, марха цунна тӀе а йохийтий. |
| 10 |
| Хи тӀехула сиз хьаькхна Цо, серлонна а, боданна а юкъара доза а къастош. |
| 11 |
| Цуьнан оьгӀазаллех инзардевлла, стигалара бӀогӀамаш ду дегош. |
| 12 |
| Шен ницкъаца хӀорд дӀатебира Цо, хӀордан саьрмик болу РахӀаб Цо Шен хьекъалаллица хьаьшира. |
| 13 |
| Цо схьадеттачу хӀоно стигал серлаяьккхира, Цуьнан куьг шершаш боьдучу лаьхьанах чекхбелира. |
| 14 |
| ХӀара дерриг а Цуьнан гӀуллакхийн кӀеззиг долу дакъа бен дац. Шабар-шибар дечу хенахь бен вайна Цунах лаьцна ца хеза! Ткъа Цуьнан ницкъан къекъар къасто хьенан хир яра йиш?» |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/job/026.mp3
42
26