|
| 1 |
|
| Шен къамел кхидӀа а дира Аюба. Цо элира: |
|
| 2 |
|
| «Аса чӀагӀо йо суна нийса кхел ца йойтуш дийна волчу Делах а, сан дагна сингаттам баьккхина волчу Нуьцкъалчух а, |
|
| 3 |
|
| суна чохь садеӀар дӀадаллалц, сан мерӀуьргашкахь Делан са мел ду, |
|
| 4 |
|
| сан багара харцдерг арадер ма дац, сан матто бакъ доцург а дуьйцур ма дац! |
|
| 5 |
|
| ХӀуъа хилахь а, со аша бохучунна тӀетовр вац, со дийна мел ву, сайн цӀена хилар дойур дац ас. |
|
| 6 |
|
| Сайн бакъхилар чӀоггӀа латтадо аса, иза ас дӀа а лур дац — цу тӀехь сан даго, со мел веха, бехк а боккхур бац сох. |
|
| 7 |
|
| Сан мостагӀа харцонча санна лорийла, суна дуьхьал ваьлларг зуламхо санна хуьлийла. |
|
| 8 |
|
| Стенах сатийса деза Ӏесачо, Дала ша дӀатеттича, Цо шен са дӀаэцча? |
|
| 9 |
|
| Далла хезар дуй те цуьнан тийжар, цунна бохам тӀебеача? |
|
| 10 |
|
| Воккхавеш хир вуй те иза Нуьцкъалчух, кхойкхур вуй те иза Цуьнга массо а хенахь? |
|
| 11 |
|
| Ас дуьйцур ду шуна Делан куьйгах лаьцна, Нуьцкъалчун некъаш а шух къайладохур дац ас. |
|
| 12 |
|
| Шуна шайна а ма гина дерриг а. Стенна дуьйцу и даьсса хабарш? |
|
| 13 |
|
| ХӀара ду шуна харцо лелочунна Делера хиндерг, хӀара ду Нуьцкъалчуьнгара къизачунна кхочун дерг. |
|
| 14 |
|
| Цуьнан кӀентий мел дебарх, уьш туьро хӀаллакбийр бу, цуьнан тӀаьхьено дуззалц бепиг дуур дац. |
|
| 15 |
|
| Цунах тӀаьхьабиснарш Ӏожаллин уьно коше кхачор бу, царах бисинчу зударша царна тӀаьхьа тийжарш а дийр дац. |
|
| 16 |
|
| Ченал дукха дети шена гулдахь а, поппарал дукха бедарш цо гулъяхь а, |
|
| 17 |
|
| уьш Делан лаамехь болчара тӀедухур ду, цуьнан дети цӀена лелачара доькъур ду. |
|
| 18 |
|
| Цо шена деш долу цӀа нецан бен санна я хехочун бун санна, до. |
|
| 19 |
|
| ДӀавуьжуш, хьолада санна дӀавуьжу иза, амма самаваьлча, цуьнан бахам ца хуьлу. Цо бӀаьргаш схьабиллича, цуьнан хӀумма а дисина ца хуьлу. |
|
| 20 |
|
| Хи тӀедалар санна, тӀекхочур ду цунна Ӏадор. Буьйсанна шайтӀанан мохо иза дӀа а хьо. |
|
| 21 |
|
| Малхбалехьарчу мохо иза дӀаваьхьча, иза кхин хир вац. Шен метта тӀера оцу мохо дӀахьокхур ву иза. |
|
| 22 |
|
| Къинхетам боцучу мохо иза дӀахьоькху, цуьнан караравала гӀертачу хенахь. |
|
| 23 |
|
| Самукъадаьллачу мохо, цунах кхаьрдаш, тӀараш вовшахдетта, иза мел кхочучу меттехь цунна шок а етташ». |
|
|
|
|