|
| 1 |
|
| Иштта, дети доккху меттиг а ю, деши лалош а, цӀандеш а меттиг а ю. |
|
| 2 |
|
| Эчиг лаьтта бухара схьадоккху, ткъа цӀаста, маьӀда хуьлий, лела. |
|
| 3 |
|
| Серло а яхьаш, адамо хьехан бода дӀабоккху. Уггар генахь йолчу меттигашкахь лохуш ву иза. КӀоргачу боданехь маьӀда лохуш ву иза. |
|
| 4 |
|
| Цо лаьттах маьӀда даккха гӀу йоккху, нах Ӏаш болчунна генахь а йолуш, адаман ког кхачаза йолчу меттигашкахь. Адамашна генахь а волуш, гӀун чохь машшаш тӀехь кхозу иза. |
|
| 5 |
|
| Шена тӀехь ялта кхуьуш долу латта, кӀоргенехь цӀарца дагийча санна, аьхкина хуьлу. |
|
| 6 |
|
| Оцу меттигехь саппир цӀе йолу тӀулгаш ду, ткъа царна тӀехь дешин чан ю. |
|
| 7 |
|
| Цига боьду некъ цхьана а акха олхазарна а ца бевза, и некъ цхьана а лечин бӀаьргана а ца гина. |
|
| 8 |
|
| Курачу акхаройн лар а цига ца кхаьчна, иштта цхьа а лом цигахь ца лелла. |
|
| 9 |
|
| Адамаша тархийн чӀогӀалла йохош шайна некъаш доху, цара лаьмнаш ораматашна тӀера дуьйна тӀекӀелдоху. |
|
| 10 |
|
| Цара тархашна юккъехь шайна некъаш доху, лаьтта бухара бахам гучуболу церан бӀаьргашна хьалха. |
|
| 11 |
|
| Цара хиш арадовлу кортош а лоьху, къайлаха долу хӀума гучу а доккху. |
|
| 12 |
|
| Амма мичара доккху те хьекъалалла? Кхетамалла йолу меттиг мичахь ю те? |
|
| 13 |
|
| Адамна цуьнан мах а ца бевза, дийначийн лаьтта тӀехь а иза карор бац. |
|
| 14 |
|
| КӀоргачу хино боху: «Суна чохь иза дац». ХӀордо а боху: «Соьгахь а иза дац». |
|
| 15 |
|
| ЦӀеначу деших а иза лур дац, дети а оьзна, цунах а иза эцалур дац. |
|
| 16 |
|
| Апаран дешица а иза дусталур дац, я дезачу тӀулгех ониксах а, саппирах а дусталур дац. |
|
| 17 |
|
| Я деши а, я цӀена ангали а цуьнца дусталур дац, я цӀеначу деших йолчу пхьегӀех а хийцалур дац. |
|
| 18 |
|
| Маржанаш а, чекхсагун тӀулгаш а дийца а ца оьшу, хьекъалалле кхачар массо а жовхӀарел а деза ду. |
|
| 19 |
|
| Цуьнца нислур дац Хуша-махкара топаз, цӀеначу деших иза эцалур дац. |
|
| 20 |
|
| Мичара долу те хьекъалалла? Мичахь ю те кхетамаллин меттиг? |
|
| 21 |
|
| Иза массо а дийначу хӀуманан бӀаьргах къайладаьккхина ду, иштта стигаларчу олхазарех а къайладаьккхина. |
|
| 22 |
|
| Талхаран меттиго а, Ӏожалло а боху: «Тхан лере цунах хабар бен ца кхаьчна». |
|
| 23 |
|
| Далла бен ца хаьа цунна тӀебоьду некъ, Цунна хаьа иза долу меттиг а, |
|
| 24 |
|
| хӀунда аьлча Цунна дуьненан йисте кхаччалц дерриг а гуш ду, стигална бухахь дерг а дерриг а гуш ду. |
|
| 25 |
|
| Цо механ ницкъ билгалбаьккхинчу хенахь, хийн барам билгалбаьккхинчу хенахь, |
|
| 26 |
|
| иштта догӀанна бакъо лучу хенахь, ткъесана тача лучу хенахь, |
|
| 27 |
|
| эццахь хьекъалалла а гина, иза талла а теллина, цуьнан йозалла а йовзийтина, иза дӀахӀоттийра Цо. |
|
| 28 |
|
| ТӀаккха аьлла Цо адаме: «Хьалдолчу Эле ларамах вуьзна хилар — иза хьекъалалла ду, ткъа зуламна генавалар — иза кхетамалла ду». |
|
|
|
|