|
| 1 |
|
| Цул тӀаьхьа Аюб ша винчу денна неӀалт кхайкхо волавелира. |
|
| 2 |
|
| Цо бохура: |
|
| 3 |
|
| «ХӀаллакьхилла дӀадолийла со вина долу де а, сан ненах лаьцна: „Иза доьзалхочух хилла!“ аьлла йолу буьйса а. |
|
| 4 |
|
| Ӏаьржа бода хилла дӀахӀуттийла и де, стигалахь волчу Далла иза дага а ма догӀийла, Цо оцу денна тӀе серло а ма лойла! |
|
| 5 |
|
| Бодано а, Ӏожаллин ӀиндагӀо а юхадохийла иза. Марха со винчу денна тӀе хӀуттийла. Ӏаьржалло оцу дийнан серло кхерайойла. |
|
| 6 |
|
| Бодано и буьйса чӀогӀа схьалоцийла! Шеран деношна юккъе ма йогӀийла иза, беттийн деношна юккъе а ма йогӀийла! |
|
| 7 |
|
| Цу буса цхьа а бер дуьнен чу ма долийла! Ма хезийла цу буса синкъераме аз! |
|
| 8 |
|
| Левиятан цӀе йолу хӀордан саьрмик лело хууш болчу бозбунчаша неӀалт кхайкхадойла цу денна! |
|
| 9 |
|
| Цуьнан Ӏуьйренан седарчий Ӏаржделла хуьлийла! Ӏуьйренан серло ма гойла цу буьйсанна, маьлхан зӀаьнарш а ма гойла цунна! |
|
| 10 |
|
| Цу буьйсано со дуьнен чу вала новкъарло ца ярна а, цо хӀара бала сох къайла ца баккхарна а, хуьлийла иза! |
|
| 11 |
|
| ХӀунда ца велла те со сайн ненан кийрахь волуш, хӀунда ца велла дуьнен чу воллушехь? |
|
| 12 |
|
| ХӀунда эцна со шайн кара, хӀунда белла суна накха? |
|
| 13 |
|
| ХӀинца паргӀат Ӏуьллуш хир ма вара со, синтемехь а хир ма вара со, |
|
| 14 |
|
| паччахьашца а, хьехамчашца а, дассийна цӀенош шайна юхаметтахӀиттийна болчу. |
|
| 15 |
|
| Я элашца Ӏуьллуш хир вара, деши а гулдеш, шайн цӀенош детих хьаладузуш болчу. |
|
| 16 |
|
| Хеназа бер санна со къайла хӀунда ца ваьккхина? Дуьненан серло ца гина аганара бер санна со дӀа хӀунда ца воьллина? |
|
| 17 |
|
| Белла Ӏесанаш вонаш дечуьра ма совцу, шаьш кешнашка ма-кхеччи, дахаро гӀелбинарш цигахь садоӀуш ма хуьлу. |
|
| 18 |
|
| Цигахь лаьцна болу нах а паргӀат ма бовлу, шайн тӀехьожуш болчеран аз а ца хезаш. |
|
| 19 |
|
| Лараме боцурш а, цӀеяханарш а цигахь цхьатерра хуьлу, ткъа лай шен олахочунна хьалха паргӀат хуьлу. |
|
| 20 |
|
| ХӀунда ло бала хьоьгучунна дуьненан серло, синан гӀайгӀанехь волчунна дахар а хӀунда ло? |
|
| 21 |
|
| Цара Ӏожалле сатуьйсу, ткъа иза ца хуьлу, мел еза йолчу хазнел сов иза лоху цара. |
|
| 22 |
|
| И санна болу нах, шайна каш карийча, баккхийбеш хир бара, чӀогӀа цунах сакъераделла. |
|
| 23 |
|
| ХӀунда луш ю адамна серло, цуьнан дахаран некъ къайлаха хилча, массо а агӀор Дала цунна го бина хилча? |
|
| 24 |
|
| Сан кхачанан метта аса дохуш долу даккхий синош ду, хи санна, охьаоьхуш сан бӀаьрхиш ду. |
|
| 25 |
|
| Со къаьхкаш хилларг суна тӀекхечи, со кхоьруш хилларг суна хили. |
|
| 26 |
|
| Со волчохь я машар а бац, я синтем а бац, я садаӀар а дац: сан са карзахдаьлла». |
|
|
|
|