|
| 1 |
|
| Аюба кхидӀа а элира: [1] «ХӀинца сол жимах берш сох буьйлуш бу. Церан дай ас сайн жа лардеш долчу жӀаьлешна улло а буьтур бацара. |
|
| 2 |
|
| Суна хӀун пайда бара куьйгашкахь болчу ницкъах, оцу дайн гӀора цаьргара дӀадаьхьна хилча? |
|
| 3 |
|
| Къоьллех а, мацаллех а гӀелбелла, буьйсанна яьссачу аренгахь декъа орамаш доура цара. |
|
| 4 |
|
| Коьллашна юкъара сорам боккхура цара, ткъа чаьмза жолам-колл царна кхачанна яра. |
|
| 5 |
|
| Адамашна юкъара дӀалоьхкура уьш, къушна тӀе санна, царна тӀе мохь хьоькхура. |
|
| 6 |
|
| Церан Ӏойла дакъаделлачу хин Ӏаннаш чохь ду, лаьттах долчу оьрнашна а, тархашна а юкъахь. |
|
| 7 |
|
| Коканийн коьллашна юкъахь, варраш санна, Ӏоьхура уьш, нитташна юкъахь шаьш дӀахьулбора. |
|
| 8 |
|
| ЦӀе йоцу, пайда боцу, махкара лаьллина лелош йолу арданг! |
|
| 9 |
|
| Цара сох хӀинца кхардаран йиш лоькху, сох лаьцна цара масалш а даладо. |
|
| 10 |
|
| Царна со дегаза а хета, уьш сох къехка а къехка, со шайна гушшехь, туйнаш а кхуьссу цара. |
|
| 11 |
|
| Сан секхаӀодан зӀенар дӀа а яьстина, Дала со гӀел а вина, суна гӀело а йина. Цундела суна дуьхьал дуьрста йоцуш бу уьш. |
|
| 12 |
|
| Аьтто агӀор суна тӀелета и арданг, сан когаш тӀера со бертал ветта цара, со верхьама шайна некъ а боккхуш. |
|
| 13 |
|
| Цара сан кӀелхьарваларан некъ бохийна, со дакъазаваккхарна аьтто бо цара, цхьа а шайна гӀо деш воцуш. |
|
| 14 |
|
| Пенах даьккхинчу доккхачу Ӏуьргах санна, чулелха уьш суна. Пенан дакъош охьадужучу хенахь суна тӀебеттало уьш. |
|
| 15 |
|
| Ӏадош долу къематаш догӀу суна тӀе, сан юьхькӀам, мохо санна, дӀасабаржабо, со кӀелхьарваларан йиш, марха санна, йов. |
|
| 16 |
|
| Сан са дӀадолуш доллу, баланийн денош тӀекхаьчна суна. |
|
| 17 |
|
| Буьйсанна сан даьӀахкаш лозу, сан лазар а дац цкъа а соцуш. |
|
| 18 |
|
| Боккхачу ницкъаца сан бедар хьийза а еш, Дала сан барзакъан кач дӀалоцу. |
|
| 19 |
|
| Цо со хоттана юккъе кхуссу, хӀинца со чан а, овкъарш а санна ву. |
|
| 20 |
|
| Со Хьоьга кхойкху, амма Ахьа суна жоп ца ло, со Хьуна хьалха лаьтташ ву, амма Хьо соьга схьа ца хьожу. |
|
| 21 |
|
| Нуьцкъала Дела, ма къиза ву-кх Хьо соьца, Хьайн нуьцкъала куьг суна дуьхьал даьккхи-кх Ахьа. |
|
| 22 |
|
| Со хьала а айина, сихачу мохе хьовзавайти Ахьа, чӀогӀа хьоькхучу мохаца со дӀаса а ветта Ахьа. |
|
| 23 |
|
| Суна хууш ду, Ахьа со Ӏожалле вуьгуш вуйла, дуьнен чохь вехаш волу массо а стаг кхочур волчу метте. |
|
| 24 |
|
| Декъазачунна тӀе куьг айдеш хуьлу, орца а дохуш, цунна тӀехь хала киртиг хилча? |
|
| 25 |
|
| Хала дахар долчунах воьлхуш вацара те со? Къечунах къинхетам ца бора те ас? |
|
| 26 |
|
| Ас диканах сатуьйсучу хенахь, бала кхечи соьга, ас серлоне сатесча, бода тӀебеа. |
|
| 27 |
|
| Сан кийрара цӀе дӀа ца йолу, баланийн денош ду суна тӀедаьхкина. |
|
| 28 |
|
| Сан чкъор Ӏаржделла, амма иза малхо Ӏарждина дац. Адамийн гуламна хьалха дӀа а хӀоьттина, ас гӀо доьху. |
|
| 29 |
|
| Со хӀинца чангӀалкхийн ваша а, страусийн доттагӀа а хилла. |
|
| 30 |
|
| Ӏаржделла сан чкъор охьадужу, дерриг а сан дегӀ дагаро дӀалаьцна. |
|
| 31 |
|
| Сан мерз-пондар а бу боьлхуш, тийжаш ю сан зурма а». |
|
|
|
|