|
| 1 |
|
| Аюба кхидӀа а элира: [1] «Сайн бӀаьргашца бина барт бу сан, уьш зудабере хьарамлонца дӀахьожур бац аьлла. |
|
| 2 |
|
| Иштта хилча, хӀун кхоллам бара те лакхарчу Дала суна кечбинарг? ХӀун кхел йинера те суна стигаларчу Нуьцкъалчо? |
|
| 3 |
|
| Зуламхошна лерина дац те дакъазабовлар, харцонаш лелочарна лерина бац те бохам? |
|
| 4 |
|
| Далла ца го те сан некъаш, массо а сан гӀулч Цо ягар ца йо те? |
|
| 5 |
|
| Ас чӀагӀо йо, со харцонаш еш ца лелла аьлла, мекарниг дан сан ког сих ца белла аьлла. |
|
| 6 |
|
| Дала со бакъдолчу терзан тӀехь узийла, тӀаккха хуур дара Цунна, со цӀена вуйла. |
|
| 7 |
|
| Со нийсачу некъа тӀера галваьллехь, сан бӀаьргаша сан дог вонна тӀе дерзийнехь, сан куьйгаш хьарамчу хӀумано бехдинехь, — |
|
| 8 |
|
| ас дӀадийнарг кхечо доийла, сан зӀийдагаш орамашца цхьаьна хьалайохийла. |
|
| 9 |
|
| Нагахь сан дагна уллорачун зуда а езаелла, сайн уллорачун неӀарехь кӀелонаш ас йинехь, |
|
| 10 |
|
| сан зудчо кхечунна кохьар хьийзайойла, цуьнца буьйшуш кхиберш а хуьлийла, |
|
| 11 |
|
| хӀунда аьлча иза хьарамло хир яра, цунна кхелахой кхел ян езаш хир бара. |
|
| 12 |
|
| Иза массо а хӀаллакдеш йолу цӀе хир яра. Ас къа мел хьегнарг дакъазадоккхур дара. |
|
| 13 |
|
| Нагахь ас сайн ялхошца нийсо лелош ца хиллехь, церан сайца къовсам баьлча, |
|
| 14 |
|
| ас хӀун дийр дара, Дела суна хьалха дӀахӀоьттича? Цо сайга хаттар дича, ас хӀун эр дара Цуьнга? |
|
| 15 |
|
| Со Кхоьллинчо и ялхо а ца кхоьллина те? Тхайн нанойн кийрахь тхойшиъ а Цо ца кечвина те? |
|
| 16 |
|
| Ас чӀагӀо йо, къечун дехар ас дӀа ца теттина аьлла, йисина Ӏачу зудчун бӀаьргаш ас ца кхолийтина аьлла. |
|
| 17 |
|
| Ас чӀагӀо йо, сайн бепиг ас сайна ца дитина аьлла, цунах байлахь бисинчарна дакъа а ца деш. |
|
| 18 |
|
| Со жима волчу хенахь дуьйна байлахь бисинчарна да санна хилла, бисина болчу зударшна ненан кийрахь дуьйна гӀо дина ас. |
|
| 19 |
|
| ТӀедуха хӀума цахиларна стага бала хьегар а, къечу стагана тӀетаса хӀума цахилар а сайна гича, |
|
| 20 |
|
| ас царна тӀедуха хӀума лора, сан уьстагӀийн тӀергӀано уьш бох а бора, ткъа цара даггара баркаллаш а олура. |
|
| 21 |
|
| Нагахь ас боберана дуьхьал буй айбинехь, гӀалин кевнехь болчу кхелахошкара сайна гӀо хир дуйла а хууш, |
|
| 22 |
|
| сан куьг белша тӀера охьадужийла, пхьаьрсан голлец каглойла сан куьг. |
|
| 23 |
|
| ХӀунда аьлча Дала сайна бохам барх со чӀогӀа кхоьруш вара. Цуьнан возаллина дуьхьалвала сан ницкъ хир бацара. |
|
| 24 |
|
| Нагахь санна со деших тешнехь, я цӀеначу дешига ас аьллехь: „Хьо сан чӀагӀо ю“, |
|
| 25 |
|
| нагахь санна ас сайн доккхачу хьолах дозалла динехь, сайн куьйгаша къа мел хьегначух со сакъераделла хиллехь, |
|
| 26 |
|
| нагахь санна маьлхан къегаш хиларе а, беттасин сийлахьчу боларе а хьоьжуш, |
|
| 27 |
|
| сан дог царах къайлаха Ӏеха а делла, уьш лара куьйгана барт ас баьккхинехь, |
|
| 28 |
|
| иза кхел ян дезаш долу зулам хир дара, лакхарчу Далла ас тешнабехк бийр бара. |
|
| 29 |
|
| Сайн мостагӀа валар бахьана долуш воккхавеш хилла со, я цуьнга вон деача, сакъералуш хилла? |
|
| 30 |
|
| МостагӀчунна Ӏожаллин неӀалт кхайкхош, сайн баге къа ца летадайтира ас. |
|
| 31 |
|
| Сан хӀусамна чохь болчара эр ма ду: „Аюба жижигах ца вузийнарг вуй ткъа?“ |
|
| 32 |
|
| Ваьлла лелачо цкъа а арахь буьйса ца яьккхина: сан цӀийнан неӀарш цунна массо а хенахь дӀайиллина хилла. |
|
| 33 |
|
| 33-34 Ас чӀагӀо йо, сайн къинош сайн четахь дӀа ца хьулдина аьлла, кхечу адамаша санна, цкъа а сайн зулам ас къайла ца даьхьна аьлла, хӀунда аьлча адамийн тобанех со дӀакъехкар вара, вист а ца хуьлуш, сайн хӀусама чохь сеццал, тукхамашна дола хетарх кхоьрур а вара. |
|
| 34 |
|
| *** |
|
| 35 |
|
| Соьга стаг ладугӀуш велахьара! Айса мел аьлларг чӀагӀдо ас. Нуьцкъалниг суна жоп луш велахьара! Нагахь санна со бехкевеш волчо сан стенна тӀехь бехк бу яздинехьара, |
|
| 36 |
|
| и йоза ас сайн белшаш тӀехь лелор дара, таж санна, иза сайн коьрта тӀе дуьллур дара. |
|
| 37 |
|
| ТӀаккха айса мел баьккхина ког дӀабуьйцур бара аса, элана санна, Цунна улло гӀур вара со. |
|
| 38 |
|
| Сан лаьтто суна дуьхьал кхайкхош делахь, оханна тӀера хершнаш доьлхуш делахь, |
|
| 39 |
|
| ас царна тӀера ялта мах боцуш диънехь, я цу ахархойн дегнаш ас дохийнехь, |
|
| 40 |
|
| кха тӀехь кӀен метта коканаш долийла, ткъа мекхан метта асар хьалакхуьийла». Цу тӀехь чекхделира Аюбан къамел. |
|
|
|
|