|
| 1 |
|
| ТӀаккха Аюбан кхо доттагӀа цунна дуьхьал хӀумма а ца олуш сецира, хӀунда аьлча иза ша бакъ хиларх тешна вара. |
|
| 2 |
|
| Эццахь бузихойх волу Барахиалан кӀант ЭлихӀу оьгӀазвахара. Иза ша Раман доьзалера вара. ЭлихӀу Аюбана оьгӀазвахара, цо ша Делал а чӀогӀа бакъвар бахьана долуш. |
|
| 3 |
|
| Иштта Аюбан кхаа доттагӀчунна а оьгӀазвахара ЭлихӀу, хӀунда аьлча цара, Аюбана дала жоп ца карийнехь а, цунна бехк биллира. |
|
| 4 |
|
| ЭлихӀу Аюб вистхилла валлалц собар деш вара, хӀунда аьлча къамел деш берш берриш а цул баккхий бара. |
|
| 5 |
|
| Амма, важа кхоъ кхин хӀумма а ца олуш сецча, иза оьгӀазвахара. |
|
| 6 |
|
| Бузихо волчу Барахиалан кӀанта ЭлихӀус элира: «Шерашца дуьстича, со шул жима ву, ткъа шу сол даккхий ду. Цундела озавелла, сайна хетарг ца олуш Ӏаш вара со. |
|
| 7 |
|
| Ас сайга бохура: „Хан яьлларш бист хуьлуьйтур бу ас, воккханиг ву хьекъалалла дала дезаш верг“. |
|
| 8 |
|
| Амма адамна хьекъал лург Делан Са ду, Нуьцкъалчун Ӏаьнаро цунна кхетам ло. |
|
| 9 |
|
| Бакъ дац хан яьлла волчун бен хьекъал дац бохург, къоначарна а го нийсонца дерг. |
|
| 10 |
|
| Цундела ас боху: „ЛадогӀа соьга, со а сайна хууш дерг ала воллу“. |
|
| 11 |
|
| Ас собарца ладуьйгӀира шун къамелашка, леррина ладуьйгӀира шун хьекъалечу дешнашка, шаьш ала дезарг аша лоьхучу хенахь. |
|
| 12 |
|
| Дикка хьоьжуш вара со шуьга, амма шух цхьаммо а Аюб къар а ца вира, цо аьллачунна дуьхьал жоп а ца делира. |
|
| 13 |
|
| Аша баха ца оьшу: „Аюбана чохь хьекъалалла карийна тхуна“. Аюб къарвийриг Дела хир ву, адам хир дац. |
|
| 14 |
|
| Аюб соьга луьйш вацара, цундела ас цунна жоп аша санна лур дац. |
|
| 15 |
|
| Уьш дог доьхна лаьтта, кхин хӀумма а алалуш а боцуш. Церан хӀумма а ала ца дисна, уьш дӀасецна. |
|
| 16 |
|
| Со мел хьежарх а, уьш бист хуьлуш бац, кхин хӀумма а ца олуш, дӀасецна уьш. |
|
| 17 |
|
| Цундела ас сайгара жоп лур ду, сайна хууш дерг а эр ду, |
|
| 18 |
|
| хӀунда аьлча дешнех хьалавуьзна ву со, ткъа сан кийрахь долчу сино Ӏаткъам бо суна. |
|
| 19 |
|
| Сан кийра садеӀалуш доцу керла чагӀар санна бу, иза эккха боллуш болу пӀаьлдиг санна бу. |
|
| 20 |
|
| Соьга алийта, суна атта хилийтархьама. Сан балдаш дӀаделлийта, соьга жоп далийтархьама. |
|
| 21 |
|
| Цхьаьнгге а ас озабезам бийр бац, цхьана а адамна хьеста а лур вац со. |
|
| 22 |
|
| Суна хьеставала ца хаьа, амма иза иштта ца хилча, со Кхоьллинчо со сихха дӀавоккхур вара». |
|
|
|
|