|
| 1 |
|
| ЭлихӀус кхидӀа а элира: [1] «Ткъа хӀинца, Аюб, ас бохучуьнга ла а догӀа, массо а ас олучу дешан тидам а бе. |
|
| 2 |
|
| ХӀинца ас сайн бага дӀайоьллу, сан дешнаш меттан юьххьехь ду. |
|
| 3 |
|
| ЦӀеначу даг чуьра сан дешнаш схьадовлу, суна хууш дерг сан матто цӀена схьабоху. |
|
| 4 |
|
| Со Делан Сино кхоьллина, Нуьцкъалчун Ӏаьнаро суна дахар ло. |
|
| 5 |
|
| Хьайн аьтто белахь, жоп ло суна, соьца къовса кеч а ло, дӀа а хӀоттий. |
|
| 6 |
|
| Далла хьалха со а хьо верриг ву, со-со а ву поппарх вина. |
|
| 7 |
|
| Цундела сох болчу кхерамо хьо Ӏада ма во, хьуна тӀехь болу сан Ӏаткъам беза хир бац. |
|
| 8 |
|
| Суна сайна хезира ахьа мел аьлларг, хьан аз хӀинца а сан лерехь ду: |
|
| 9 |
|
| „Со цӀена ву, зуламаш лелийна а воцуш, со бехказа ву, къинош летийна а воцуш. |
|
| 10 |
|
| Ткъа Далла суна таӀзар дан бахьанаш карадо, со Шен мостагӀа а лору Цо. |
|
| 11 |
|
| Цо сан когашна буржалш тоьхна, ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу“. |
|
| 12 |
|
| Цу тӀехь хьо бакъ вац, Аюб, хӀунда аьлча Дела адамал лекха ву. |
|
| 13 |
|
| ХӀунда къийсало хьо Цуьнца, адамо олучу дешнашна Цо жоп ма ца ло? |
|
| 14 |
|
| Дела адаме юх-юха а вистхуьлуш велахь а, Цо бохург ца тусало стагана. |
|
| 15 |
|
| Цо гӀенах олу стаге я буьйсанан суьртехь, кӀорга наб адамна кхеттачу хенахь я шен меттахь стаг Ӏуьллучу хенахь. |
|
| 16 |
|
| ТӀаккха церан лерг сама а доккхий, дикка гучу тайпана царна лерина долу Шен дӀахьедар до Цо, |
|
| 17 |
|
| стага дан леринарг цуьнга ца дайта а, цуьнан куралла дӀаяккха а, |
|
| 18 |
|
| иштта иза эхартана гена ваккхархьама а, цуьнан дахар Ӏожаллин хих чекх ца далийтархьама а. |
|
| 19 |
|
| Шен меттахь лазарца кхетаво Цо иза, цуьнан даьӀахкашкахь гуттар а тӀом а латтош. |
|
| 20 |
|
| ТӀаккха цуьнан кийрано яа хӀума тӀе ца оьцу, уггар токхе йолу хӀума а цуьнга ца яало. |
|
| 21 |
|
| Цуьнан дегӀ гӀелло, цунах хӀумма а ца дуьсу, хьалха гуш йоцу цуьнан даьӀахкаш гучуйоху. |
|
| 22 |
|
| Цуьнан са эхарте кхочуш ду, ткъа цуьнан дахар — Ӏожалла тӀеяхьаш болчу геланчашка. |
|
| 23 |
|
| Амма нийса муха лела деза гайтархьама, адамна юкъалелаш долу малик делахь, вуно дуккха а долчу маликех цхьаъ, |
|
| 24 |
|
| оцу стагах къинхетам а бина, цо эр ду Деле: „Эхарте кхачарх паргӀатваккхахьа иза, цунах такха дезарг суна карийна“. |
|
| 25 |
|
| ТӀаккха цуьнан дегӀ къона волуш хилларг санна, дӀахӀуттур ду, иза юхавоьрзур ву шен жималлин деношка. |
|
| 26 |
|
| Цо Деле доӀа дийр ду, ткъа Дела цунна тамехь хир ву. Деле Ӏибадат а деш, цо воккхаверца мохь хьокхур бу. Дала цуьнан нийса хьал юхаметтахӀоттор ду. |
|
| 27 |
|
| Нахе дӀадуьйцур ду цо шена хилларг: „Ас къинош летийна сайх, харцдолчух бакъдерг а деш, амма суна догӀу таӀзар Цо суна ца дина. |
|
| 28 |
|
| Эхарте кхачарх со паргӀатваьккхира Цо, хӀинца сан дахар серлонах дуьзна ду“. |
|
| 29 |
|
| И дерриг а Дала адаман дуьхьа деш ду, кхин шозза, кхузза дукхах а деш, |
|
| 30 |
|
| цуьнан са эхарте кхачарх даккхархьама а, цунна дахаран серло лепийтархьама а. |
|
| 31 |
|
| Тидам бе, Аюб, ладогӀа ас бохучуьнга. ХӀумма а ма ала, ткъа аса дуьйцур ду. |
|
| 32 |
|
| Амма хьайн ала хӀума делахь, суна дуьхьал ала. Вист а хила, хӀунда аьлча суна лаьа хьо бехказавоккхийла. |
|
| 33 |
|
| Нагахь хьайн ала хӀума дацахь, вист а ца хуьлуш Ӏе, ас Ӏамор ду хьуна хьекъале дерг». |
|
|
|
|