|
| 1 |
|
| ТӀаккха ЭлихӀус шен къамел кхидӀа а дира: |
|
| 2 |
|
| «ЛадогӀа, хьекъалчаш, ас бохучуьнга, шайн лергаш соьга схьадерзаде, кхетам берш, |
|
| 3 |
|
| хӀунда аьлча лергаша дешнаш къастадо, матто юучу хӀуманан чам къастош санна. |
|
| 4 |
|
| Талла а теллина, ваьшна нийса хӀун ду къастор вай, вайна юкъахь диканиг хӀун ду девзар вайна. |
|
| 5 |
|
| Аюба элира: „Со нийса ву, амма Дала сан гӀуллакх кхеле ца диллира. |
|
| 6 |
|
| Со нийса велахь а, харц лоруш ву со. Сан бехк боццушехь, суна йинарг йоьрзур йоцу чов ю“. |
|
| 7 |
|
| Хир вуй ткъа Аюб санна волу стаг? Цо Деле кхардаме хӀуманаш, хи молуш санна, дуьйцу, |
|
| 8 |
|
| иза харцонаш лелочеран накъосталлехь лела, цуьнан некъаш Ӏесачеран некъех дӀакхетта. |
|
| 9 |
|
| ХӀунда аьлча цо боху: „Стагана пайда бац, Далла тамехь хила иза гӀерташ хилча!“ |
|
| 10 |
|
| Кхетам берш, ладогӀа соьга! Дала харцдерг лело йиш яц, Ницкъболчо зулам лело а йиш яц. |
|
| 11 |
|
| Цо стагана цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина ло доггӀург, хӀоранна а леларна хьакъ дерг дӀало Цо. |
|
| 12 |
|
| Бакъ ду: Дала харцонца дерг а ца до, Ницкъболчо харцкхел а ца йо. |
|
| 13 |
|
| Хьан хӀоттийна Иза дуьненна Ӏуналла дан? Мила ву дерриг а дуьненна тӀехь куьйгалла деш верг? |
|
| 14 |
|
| Нагахь Цо Шен дог даийтича, Шен са а, садеӀар а Цо юхадаьккхича, |
|
| 15 |
|
| эццахь дуьнен тӀехь мел долу адам, хӀаллак а хилла, чан хилла дӀахӀуттур дара. |
|
| 16 |
|
| Нагахь санна хьайгахь кхетам белахь, со а хезаш, ас бохучуьнга ладогӀа. |
|
| 17 |
|
| Бакъйолу кхел ца езаш верг олаллехь хила йиш юй? Нийса а, сийлахь а волу Дела бехке ван йиш хир ю хьан? |
|
| 18 |
|
| Делан паччахье ала йиш ю: „Хьо — сий доцург ву“, Цуьнан йиш ю элашка а ала: „Шу — Ӏесанаш ду“. |
|
| 19 |
|
| Амма Цо баьччанашка озабезам а ца бо, ткъа хьалдерг къечух а ца къаставо, хӀунда аьлча уьш берриш а Цуьнан куьйгаша кхоьллина бу. |
|
| 20 |
|
| ЦӀеххьана, буьйса юккъе яханчу хенахь, уьш ле. Массо а инзарваьллачохь а вуьтий, уьш дӀакхелха. ПӀелг тӀе пӀелг а тоьхна, Цо ницкъберш дӀалохку. |
|
| 21 |
|
| Везачу Элан бӀаьргаш адаман некъаш тӀехь ду, Цунна адамо мел боккху ког а го. |
|
| 22 |
|
| Яц дуьнен чохь тоьуш бода болу меттиг, харцонаш лелораш къайлабовлалур болуш. |
|
| 23 |
|
| Кхин а леррина адам таллар Цунна ца оьшу, иза Шена хьалха кхеле озадайтархьама. |
|
| 24 |
|
| Таллам боцуш Цо ницкъберш а хьоьший, церан метта кхинаш дӀахӀиттабо, |
|
| 25 |
|
| хӀунда аьлча Цунна хууш ду цара леладо гӀуллакхаш. Буьйсанна царна тӀехь толам а боккхий, уьш дӀахьоьшу Цо. |
|
| 26 |
|
| Ӏесачу нахана санна, царна таӀзар до Дала, массо а нахана уьш гуш болчу меттехь, |
|
| 27 |
|
| Шена тӀаьхьахӀиттинчуьра уьш дӀабирзина дела а, Шен некъийн цара тидам ца бина дела а. |
|
| 28 |
|
| Уьш бахьана долуш, къечеран узарш Далла хьалха ду, ткъа гӀело хьоьгучеран узарш а Цунна дӀахезаш ду. |
|
| 29 |
|
| Иза вист а ца хуьлуш Ӏаш хилча, Цунна хьан бехк буьллур бу? Цо Шен юьхь къайлаяьккхина хилча, Иза хьанна гур ву? Цхьатерра ву Иза халкъана а, адамна а, |
|
| 30 |
|
| диндоцу стаг паччахь вина дӀа а ца хӀоттийна, нахана кӀело йиначуьнга царна тӀехь куьйгалла ца дайта. |
|
| 31 |
|
| Цкъа а Деле аьллий ахь: „Со бехке ву, хӀинца чул тӀаьхьа ас къинош летор дац. |
|
| 32 |
|
| Суна ца хууш дерг Ахь суна Ӏамадехьа? Ас зулам динехь, и саннарг кхин дийр дац“. |
|
| 33 |
|
| Дала деш дерг ахь дӀатоттучу хенахь таӀзар даза Иза Ӏийр ву моьтту хьуна? Хьо ву сацам бан безарг, со вац. Ала хӀинца хьайна хууш дерг. |
|
| 34 |
|
| Кхетам болчара соьга эр ду, со хезна волчу хьекъалчо эр ду: |
|
| 35 |
|
| „Хьекъале къамел дац Аюба дийриг, маьӀна долуш хӀума дац цо бохург“. |
|
| 36 |
|
| Зуламхоша санна, жоьпаш даларна, Аюбана кхоччуш таӀзар динехьара! |
|
| 37 |
|
| Шен къиношна тӀе цо аьрхалла а туху. Вайна юкъахь деза дешнаш а детташ, Деле Ӏеса къамелаш деш ву иза». |
|
|
|
|