Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| ЭлихӀус кхин а дӀа дира шен къамел: |
| 2 |
| «„Далла хьалха со бакъонна тӀехь лаьтта“, — аьлла, дийцар нийса хетий хьуна? |
| 3 |
| Ахьа боху: „Суна хӀун пайда бу? Аса къинош ца летийча а, хӀун пайда бу?“ |
| 4 |
| Суна луур дара хьуна а, хьан доттагӀашна а жоп дала. |
| 5 |
| Стигала хьалахьажа, гуш хила! Лакхахь йолчу мархийн тидам бе! |
| 6 |
| Ахьа къа латийча, Далла хӀун ду? Ахьа хьайн вонаш алсамдаьхча, Цунна хӀун ду иза? |
| 7 |
| Хьо нийса лелча, Цунна хӀун ло ахьа? ХӀун кхочу Цунна хьан карара? |
| 8 |
| Хьан Ӏесалла хьо санна долчу адамех бен ца хьакхало, ткъа хьан нийсо хьо санна волчу стагах бен ца хьакхало. |
| 9 |
| Дуккха а йолу гӀелонаш ловчу адамаша орца доккху, ницкъболчийн куьйгаш кӀелара схьахезаш ду церан узарш. |
| 10 |
| Амма цхьаммо а ца боху: „Мичахь ву со кхоьллина Дела, буьйсанна иллеш ала тхуна ницкъ луш Верг, |
| 11 |
| лаьттарчу акхаройл а тхан кхетам алсамбаьккхинарг, стигаларчу олхазарел а тхан хьекъал совдаьккхинарг?“ |
| 12 |
| Везачу Эло жоп ца ло орца доккхуш болчарна, вочу нехан кура дегнаш бахьана долуш. |
| 13 |
| Эрна ду иза — Дала оцуьнга ла ца дугӀу, Нуьцкъалчу Далла и орца даккхар гуш дац. |
| 14 |
| Дала мел кӀезиг ладугӀур ду хьоьга, Иза хьайна ца го ахь баьхча, хьайн гӀуллакх Цунна хьалха ду, Цуьнга хьежа деза ахь баьхча. |
| 15 |
| Хьуна моьтту, Везачу Эло къинош летош берш таӀзар ца деш буьту, церан къинош Шена ца гуш санна. |
| 16 |
| Аюба къамелаш дан шен бага еллар эрна ду. Кхетам боцуш, цо дешнаш дуьйцуш а ду». |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/job/035.mp3
42
35