|
| 1 |
|
| ЭлихӀус, кхин а шен къамел дӀа а деш, элира: |
|
| 2 |
|
| «Жимма собар де, ас гойтур ду хьуна, Делан цӀарах кхин а хӀума ала дезаш хилар. |
|
| 3 |
|
| Ас сайн ойла тайп-тайпанарчу меттигашкара схьаялор ю, со Кхоьллинарг нийса хилар ас билггала гойтур ду. |
|
| 4 |
|
| Бакъду, сан дешнаш харц ца хуьлу. Кхетам кхоччуш болу со хьоьгахьа ву. |
|
| 5 |
|
| Дела сийлахь ву, ткъа цхьа а дӀа ца тотту Цо. Иза сийлахь ву, Цуьнан кхетам кӀорга бу. |
|
| 6 |
|
| Ӏесаниг Цо дийна ца вуьту, гӀело хьоьгучунна нийса кхел йойту. |
|
| 7 |
|
| Шен лаамехь волчунах бӀаьрг ца бадабо Цо, ткъа паччахьашка санна цуьнга олалла дойту, лекхачу даржехь иза хилийтархьама. |
|
| 8 |
|
| Нагахь уьш, буржалш а тоьхна, Ӏазапехь латтош белахь, |
|
| 9 |
|
| Цо дӀагойту цара мел лелийнарг а, дозаллех буьзна уьш хиларна, церан аьрхалла а. |
|
| 10 |
|
| ТӀехдеттаре ладогӀийта церан лергаш дӀадоьллу Дала, иштта шаьш лелочу зуламех дӀаберзар царна тӀедуьллу Цо. |
|
| 11 |
|
| Цуьнга ла а дугӀуш, Цунна гӀуллакх а деш уьш лелахь, цара шайн дахаран денош беркатехь дохур ду, шайн дахаран шераш самукъане дохур ду. |
|
| 12 |
|
| Нагахь Цуьнга цара ла ца догӀахь, уьш Ӏожаллин хих чекхбевр а бу, кхетам боцурш санна лийр а бу. |
|
| 13 |
|
| Даггара дин ца лелочара шайн дегнаш чохь оьгӀазалла латтайо, цара Цуьнга ца кхойкху, Цо шайна буржалш тоьхча а. |
|
| 14 |
|
| Уьш къона болчу хенахь церан синош леш ду, цӀуйн дуьхьа вовшашца лелачу божаршна юкъахь. |
|
| 15 |
|
| Цуьнан бала хьегарехула пекъар паргӀатвоккху Цо, цуьнан гӀело хьегарехула лергаш дӀадоьллу Цо. |
|
| 16 |
|
| Хьо а ваьккхинера Цо готтачу меттера цхьа а дуьхьало йоцучу шуьйрачу аренга, хьуна хьалха токхе шун а хӀоттийнера Цо. |
|
| 17 |
|
| Амма хӀинца Ӏесачунна догӀу таӀзарх вуьзна ву хьо, цунна леринчу кхело а, таӀзаро а схьалаьцна хьо. |
|
| 18 |
|
| Варелахь, хьоле хьо Ӏеха ма вайталахь! Боккхачу кхоэ хьо тила ма вайталахь! |
|
| 19 |
|
| Хьайн хьал доккха хиларна я хьо чӀогӀа гӀерташ хиларна, баланех кӀелхьарвер ву те хьо? |
|
| 20 |
|
| Халкъаш цӀеххьана меттахдохуш йолчу буьйсане са ма тийса. |
|
| 21 |
|
| Варелахь, вочуьнгахьа ма верзалахь, хӀунда аьлча цунах дӀаверзарна гӀело хьоьгуш ма ву хьо. |
|
| 22 |
|
| Хьажал, мел боккха бу Делан ницкъ! Кхин вуй ткъа Цул воккха хьехамча? |
|
| 23 |
|
| Цунна хьан гойтур ду Цо дан дезарг? Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа дийриг зуламе ду“? |
|
| 24 |
|
| Иллешкахь наха дуьйцуш долчу Цуьнан гӀуллакхашна хастамаш бан виц ма ло. |
|
| 25 |
|
| Уьш массо а адамашна гина ду, амма стагана геннара бен уьш гина дац. |
|
| 26 |
|
| Ма сийлахь ву Дела — Цунах вай кхетар дац. Цуьнан шерийн терахь вайга таллалур дац. |
|
| 27 |
|
| Цо хин тӀадамаш Шена схьагулдо, ткъа, догӀа а литтина, царах дохк до. |
|
| 28 |
|
| Мархаша шайн тӀуналла охьаӀанайо, шортта догӀа охьадогӀу адамашна тӀе. |
|
| 29 |
|
| Цхьа а ца кхета, мархаш муха дӀасаяржайо Дала, иштта Шен хӀусамна тӀера стигал муха къекъайо Цо. |
|
| 30 |
|
| Хьажал, Шена гонах Дала стелахаьштиг туху, ткъа хӀордан бух, дӀахьулбина, къайлабоккху. |
|
| 31 |
|
| Оццу тайпана адамашна кхел йо Цо, царна шортта кхача а ло Цо. |
|
| 32 |
|
| Цо куьйгаца схьаоьцу стелахаьштиг, цунна мича кхета деза а дуьйцу Цо. |
|
| 33 |
|
| Ткъесан гӀовгӀано хаам бо дарц хьакхарх, ткъа бежанашна иза тӀедар хууш ду». |
|
|
|
|