|
| 1 |
|
| ЭлихӀус кхидӀа а элира: [1] «Цу бахьанина сан дог дегош ду, меттах а даьлла, сан дог деттало. |
|
| 2 |
|
| ЛадогӀа стигал къекъарх тера долчу Делан озе, ладогӀа Цуьнан багара схьадолуш долчу оцу озе. |
|
| 3 |
|
| Ерриг а стигал кӀелахь Цо къоьгуьйту Шен серло лаьттан йистошка кхаччалц. |
|
| 4 |
|
| ТӀаккха Делан озо гӀовгӀа йо. Шен возаллин озаца Цо гӀовгӀа йо. Шен аз хезаш долчу хенахь стелахаьштигаш а ца сецадо Цо. |
|
| 5 |
|
| Тамашийна схьахезаш ду Делан аз, вайн кхета ницкъ ца кхочу даккхий хӀуманаш до Цо. |
|
| 6 |
|
| Лоне Цо олу: „Лаьтта тӀе охьагӀо“, догӀанан йочане: „Сихха охьаэга!“ |
|
| 7 |
|
| ХӀорра а болх бечуьра дӀасацаво Цо, массарна а Ша дийриг дӀахаийтархьама. |
|
| 8 |
|
| Акхарой дӀалечкъийлашна чу а йоьлхий, шайн баннаш чохь совцу. |
|
| 9 |
|
| Къилбехьара йилбазмох хьоькху, къилбаседехьара шело кхочу. |
|
| 10 |
|
| Шен садеӀарца Дала ша бойту, тӀаккха хийн шералла чӀагӀйина дӀахӀутту. |
|
| 11 |
|
| ДогӀанан мархаш Цо тӀуналлех юзу, цаьргахула Цо стелахаьштиг даржадо. |
|
| 12 |
|
| Цуьнан лаамца массанхьа а мархаш хьийзаш ю, дерриг а дуьнен тӀехь Цо аьлларг кхочуш а деш. |
|
| 13 |
|
| Цуьнан лаамца иза массо а кхочушдеш ду, я лаьттана таӀзар дархьама, я нахана Шен безам гайтархьама. |
|
| 14 |
|
| Оцу хӀуманийн тидам бехьа, Аюб. ДӀасацахьа, Делан исбаьхьачу гӀуллакхашка хьажахьа. |
|
| 15 |
|
| Хьуна хаьий, Аюб, Дала мархашна куьйгалла муха до, Цо ткъес муха къогуьйту? |
|
| 16 |
|
| Хаьий хьуна, стигалахь мархаш муха латтало? Кхетам кхоччуш Болчун тамашийна гӀуллакхаш ду уьш. |
|
| 17 |
|
| Хьуна тӀера бедарш йохлой дӀахӀуьтту, къилбехьара бовхачу мохо латта дӀатедича. |
|
| 18 |
|
| Хьуна хуур дарий, Цунна санна, стигал дӀасаяржо, заьнгалчу цӀастанах дина куьзга санна, иза чӀагӀдина дӀа а хӀуттуьйтуш? |
|
| 19 |
|
| Дийцахьа тхуна Цуьнга ала дезарг. Цуьнца дуьйцучу хенахь хӀун ала деза, тхо боданехь дехаш Ӏаш ма ду. |
|
| 20 |
|
| Суна вистхила лаар Цуьнга ала дезий те? Ша дӀакхаьллина хилар стага доьхий те? |
|
| 21 |
|
| Леррина малхе хьажа йиш яц, стигал, мох хьаькхча, дӀа а цӀанйина, иза стигалахь сов къегаш хилча. |
|
| 22 |
|
| Къилбаседехьара дашо серло схьакхочу, Далла гонах олаллин нур ду лаьтташ. |
|
| 23 |
|
| Ницкъболчух кхета аьтту бац тхан. Шен ницкъе а, бакъйолу кхел яре а хьаьжжина, Иза мел воккха ву. Цуьнан нийсо шортта ю. Цо цхьана а стагана гӀело а ца йо. |
|
| 24 |
|
| Цундела адамаш Деле болчу ларамах дуьзна хуьлу, амма шаьш хьекъале лоручийн Цо тидам ца бо». |
|
|
|
|