|
| 1 |
|
| ЭлихӀу вистхилла ваьлча, дарца юккъера Аюбе вистхилира Веза Эла. |
|
| 2 |
|
| «Сан Ӏалашонаш хьекъале доцучу дешнашца кхулуьйтуш верг мила ву? |
|
| 3 |
|
| ДӀаехка хьайн гӀодаюкъ, къонахчо ма-еххкара: Со хьоьга хаттарш дан воллу, ткъа ахьа Суна жоп ло. |
|
| 4 |
|
| Мичахь вара хьо, Аюб, Аса латта дӀахӀоттош? Схьаала Соьга, хьайн кхетам цу хӀуманна тӀекхиънехь. |
|
| 5 |
|
| Мила ву цу лаьттан барам нисбинарг? Хьуна-м хууш ма ду иза! Мила ву цунна тӀехула дустаран тӀийраг дӀасаяржийнарг? |
|
| 6 |
|
| Стенна тӀе хӀоттийна дуьненан бух, хьан биллина цуьнан са нисбеш буьллуш болу тӀулг, |
|
| 7 |
|
| дерриг а Ӏуьйренан седарчаша цхьаьна эшарш лекхначу хенахь, стигалара гуламан декъашхой сакъералуш хиллачу хенахь? |
|
| 8 |
|
| Лаьттан кийрара хиш аралилхинчу хенахь хӀордана хьалхара кевнаш дӀа хьан къевлина? |
|
| 9 |
|
| Ас, духар санна, цунна тӀе мархаш ехкира, буькъачу боданна юккъе иза дӀа а хьарчош. |
|
| 10 |
|
| Ас иштта хӀордана доза а къастийра, цунна хьалха догӀа тухуш йолу кевнан неӀарш а хӀиттош. |
|
| 11 |
|
| Ас цуьнга элира: „ХӀокху метте кхаччалц схьабогӀур бу хьо, амма кхузара сехьайовла йиш яц хьан курачу тулгӀенийн“. |
|
| 12 |
|
| Хьан дахарехь ахьа цкъа а Ӏуьйренна омра диний, я Ӏуьйренан цӀийяларна цуьнан меттиг дӀахӀоттийний? |
|
| 13 |
|
| Ахь сатасарна шен йистошца латта дӀа а лоций, цунна тӀера Ӏесанаш охьакхисса аьлла, тӀедожийний? |
|
| 14 |
|
| Ӏуьйренан цӀийяларехь дерриг а латта, мухӀарна бухахь поппар санна, хийцало, лаьттан лакхенаш а, кӀоргенаш а, духар санна, гучуйовлий, дӀахӀуьтту. |
|
| 15 |
|
| Сатасаро Ӏесачу нахана безаш болу бода дӀалоцу, иштта кхечу нахана ницкъбар цаьргара схьадоккху. |
|
| 16 |
|
| Хьо кхаьчний хӀорд схьаболучу меттигашка? Хьо леллий, кӀоргачу хийн къайленаш а толлуш? |
|
| 17 |
|
| Ӏожаллин кевнаш гайтиний хьуна? Эхартан кевнаш гиний хьуна? |
|
| 18 |
|
| Лаьттан барам стенга кхочу хаьий хьуна? Схьадийца, и дерриг а хьайна хаахь. |
|
| 19 |
|
| Серло ехачу метте муха кхочур ву, мичахь ду бода чохь Ӏаш долу цӀа? |
|
| 20 |
|
| Уьш хила безачу метте дӀабигалур буй хьоьга? Шайн хӀусамашка уьш юхадерзоран некъаш девзий хьуна? |
|
| 21 |
|
| Хьуна иза хууш хир ду-кх, хӀунда аьлча хьо и хан тӀекхачале дуьнен чу ваьлла ву ткъа? Хьан дахаран денош вуно дукха ду ткъа? |
|
| 22 |
|
| Лайн сов йолу хӀума дӀаюьллучу чуваьллий хьо, гиний хьуна къора чохь йолу меттиг, |
|
| 23 |
|
| Ас халачу заманна лерина латтош йолу, мостагӀа тӀелатар я тӀом баллалц. |
|
| 24 |
|
| Муха кхача веза шена тӀера стелахаьштигаш дӀасаяьржаш йолчу меттиге я малхбалехьара мох лаьтта тӀехула дӀасадаьржаш йолчу меттиге? |
|
| 25 |
|
| Хьан доху стигалахь догӀанна некъаш, иштта хьан дохку стигал къекъарца детташ долчу ткъесана некъаш, |
|
| 26 |
|
| цаьрга даьссачу лаьтта тӀе а, адам доцучу аренна тӀе а догӀа даийта, |
|
| 27 |
|
| эрна а, яьсса а аре хих Ӏаборхьама а, бецашка зӀийдагаш тасийтархьама а? |
|
| 28 |
|
| Вуй ткъа догӀанан да? Хьан деш ду тхин тӀадамаш? |
|
| 29 |
|
| Хьенан кийрара араболуш бу ша, ткъа стигалара йис хьан йо? |
|
| 30 |
|
| Хиш а, тӀулг санна, чӀагӀ а лой, дӀахӀуьтту, хӀорд а тӀехулара чӀагӀло. |
|
| 31 |
|
| ВорхӀ Седа цӀе йолчу седарчийн куц хьоьга цхьаьна дехкалур дуй? Орион цӀе йолчу седарчийн куьцан буржалш хьоьга малдалур дуй? |
|
| 32 |
|
| Хьоьга арабаккхалур буй шен-шен хеннахь седарчийн гулам, иштта Нана-ча а, Чен кӀорнеш а цӀе йолу седарчийн куьцаш лело аьтто хир буй хьан? |
|
| 33 |
|
| Хаьий хьуна, стигалийн бакъонаш муха ю? Цаьрга лаьттана куьйгалла дайталур дуй хьоьга? |
|
| 34 |
|
| Мархашка хьайн аз айалур дуй хьоьга, цигарчу хине хьо верриг а ваша а войтуш? |
|
| 35 |
|
| Ткъесаш ахьа аьллачу метте дӀагӀур дуй, эр дуй цара хьоьга: „Тхо кийча ду“? |
|
| 36 |
|
| Мархашна хьекъалалла хьан делла, дохк муха хила деза, хьан кхетам белла? |
|
| 37 |
|
| Мила ву стигалара мархаш ягаръяллал хьекъал долуш а, уьш агӀор а яьхна, догӀа даийттал ницкъ болуш а, |
|
| 38 |
|
| цул тӀаьхьа ченах хатт а хилла, цу лаьттах гӀорзанаш еш верг? |
|
| 39 |
|
| Хьо ижуна тӀаьхьаволу те нана-лоьман дуьхьа, мацделла лелачу цуьнан кӀорнеш юзорхьама, |
|
| 40 |
|
| уьш шайн бен чохь дӀатебна Ӏачу хенахь я уьш коьллаш юккъехь кӀело йина Ӏачу хенахь? |
|
| 41 |
|
| Хьан кечйо хьаргӀанна юург, цуьнан кӀорнеш Деле кхойкхуш, юург ца карош лелачу хенахь?» |
|
|
|
|