|
| 1 |
|
| Везачу Эло кхидӀа а элира: [1] «Хьуна хаьий, ламанан гезарша буьхьигаш ян еза хан, сено кӀорнеш еш гиний хьуна? |
|
| 2 |
|
| Хьуна хаьий, цара маса баттахь шайн кӀорнеш кийрахь лелайо? Хьуна хаьий, цара уьш маца ян еза? |
|
| 3 |
|
| Шайн кӀорнеш ечу хенахь, уьш охьатаьӀа, иштта шайн кӀорнеш дуьнен чу йоху. |
|
| 4 |
|
| Церан бераш, аренгахь даккхий а хуьлий, тӀаккха, кхин цкъа а юха ца догӀуш, дӀадоьлху. |
|
| 5 |
|
| ПаргӀатоне кхача хьан дӀахецна акха вир, цунна тӀера буржал хьан дӀадаьккхина? |
|
| 6 |
|
| Ас эрначу аренах цуьнан цӀа дина, дуьрачу аренах цуьнан хӀусам йина. |
|
| 7 |
|
| Иза йоьлу дукха адам чохь долчу гӀалин гӀовгӀанах, цунна ца хеза гурманчас еш йолу хичаш. |
|
| 8 |
|
| Гунаш тӀехула йолалой, шена юург лоху цо, баьццара мел йолчу хӀуманна тӀаьхьаяьлла лела иза. |
|
| 9 |
|
| Ахьа бохург дан луур дуй те акхачу старана, буьйса йоккхур юй те цо хьан хьаьвданна уллохь? |
|
| 10 |
|
| Хершнаш даха муьшаца хьоьга дӀабехкалур буй акха сту, хьуна тӀаьхьара мекха боккхур буй цо хьан кха тӀехь? |
|
| 11 |
|
| Цуьнан боккхачу ницкъана цунах тешна Ӏийр вуй хьо? ЧӀогӀа къахьегар цунна тӀедилла ваьхьар вуй хьо? |
|
| 12 |
|
| Цуьнга ялта схьа а гулдайтина, хьаьтта схьадаийта ваьхьар вуй хьо? |
|
| 13 |
|
| Страус олучу олхазаран тӀемаш сакъерадаларца дӀасадеттало, амма чӀерийдохурган месашца уьш дусталур дац. |
|
| 14 |
|
| Страусо шен хӀоаш лаьтта тӀехь дуьту, уьш гӀамар тӀехь дохдалийта. |
|
| 15 |
|
| Цунна дага ца догӀу царна тӀе цхьаммо ког боккхург хилар а, я акхароша уьш дохорг хилар а. |
|
| 16 |
|
| Страус къиза ду шен кӀорнешца, цунна уьш хийра долуш санна хета, шен къахьегар эрна хиларх а ца кхоьру иза. |
|
| 17 |
|
| Ас хьекъалалла цунах генадаьккхина, иштта цунна кхетам а ца белла. |
|
| 18 |
|
| Амма ша дада дагахь хьалаайделча, иза беречух а, говрах а доьлу. |
|
| 19 |
|
| Аюб, ахьа белла те говрана ницкъ? Цуьнан вортана ахьа йина те кхес? |
|
| 20 |
|
| Ахьа и говр, цӀоз санна, кхийсайолуьйту те, ша чӀогӀа хур дарца адам кхера а деш? |
|
| 21 |
|
| Говр, лаьттах ког а бетташ, ша-шех самукъадолуш хуьлу. Иза шен ницкъ ма-хуьллу тӀамтӀе хьаьдда йоьду. |
|
| 22 |
|
| Иза кхерамах йоьлуш хуьлу, цхьаннах а ца кхоьруш хуьлу, ткъа туьрах иза дӀа ца къехка. |
|
| 23 |
|
| Ӏад-ботт ду цуьнан агӀонна тӀехь декаш, къегаш ду гоьмукъ а, цамза а, |
|
| 24 |
|
| шен чуьраяларца цо лаьттах ка етта, ткъа, коьман маӀан аз хезча, иза цхьана меттехь ца сацало. |
|
| 25 |
|
| Шена коьман маӀан аз хезча, говр терса, геннара хаало цунна тӀом болу меттиг а, тӀемалойн хьаькамийн аз а, тӀеман цӀогӀа а. |
|
| 26 |
|
| Хьан хьекъалаллица лела те куьйра, шен тӀемаш къилбехьарчу мохана дуьхьал а дерзийна? |
|
| 27 |
|
| Ахьа аьлла те аьрзуне стигала лакха хьалаяала, лекхачу лаьмнашкахь шен бен а бе? |
|
| 28 |
|
| Тархашна юкъахь цо буьйса йоккху, ирачу тархех цо шен гӀап а йо. |
|
| 29 |
|
| Цигара шена ижу лоху цо, хӀума яархьама. Геннара схьахьоьжу цуьнан бӀаьргаш а. |
|
| 30 |
|
| Цуьнан кӀорнеша цӀий молу, байинчеран декъий долчохь а иза хуьлу». |
|
| 31 |
|
| ТӀаккха Веза Эла кхин а вистхилира Аюбе: |
|
| 32 |
|
| «Нуьцкъалчуьнца къуьйсуш волчо Иза нисвийр вуй те? Дела бехке вечо жоп лойла Цунна!» |
|
| 33 |
|
| Юха Аюба Везачу Элана жоп делира: |
|
| 34 |
|
| «Со хьакъ вац — Хьуна жоп дала муха ваьхьар вара со? Сайн юьхь тӀе куьг дуьллу ас, сайн багара дош ца далийтархьама. |
|
| 35 |
|
| Юх-юха а со вистхуьлуш велахь а, сан кхин жоп а дац, кхин хӀумма а ас дуьйцур дац». |
|
|
|
|