|
| 1 |
|
| Теманхо волчу Элипаза иштта жоп делира: |
|
| 2 |
|
| «Хьоьга хӀума алахь, хьуна вас хир ю те? Делахь а, вист ца хуьлуш мила Ӏалур ву? |
|
| 3 |
|
| Дукхахболчарна ахьа хьехамаш бора, гӀелделлачу куьйгашна юха а ницкъ лора, |
|
| 4 |
|
| гӀийланиг хьан дешнаша чӀагӀвора, ког тасабелларг охьа ца вужуьйтура. |
|
| 5 |
|
| Амма хӀинца хьуна тӀе вон деъна, ткъа хьо гӀайгӀанехь ву, хьох хьакхаделлачу зуламо хьо вохийна. |
|
| 6 |
|
| Деле болчу ларамах вуьзна хиларх хьо тешна ца хуьлу те? Хьан некъаш кхоччуш цӀена хиларх хьо сатуьйсуш ца хуьлу те? |
|
| 7 |
|
| Дагадаийтахьа хьайна, бехк боцург хӀаллакьхилла гиний хьуна, я бакъахьа леларг таӀзар дина гиний? |
|
| 8 |
|
| Зулам охучара а, вониг тосучара а бохамийн ялта схьаэцар гина суна. |
|
| 9 |
|
| Делан садеӀаро уьш хӀаллакбо, Цуьнан оьгӀазлоно уьш боха а бо. |
|
| 10 |
|
| Лоьмаша деш долу гӀигӀ Дала дӀасоцуьйту, къоначу лоьмийн цергаш Цо схьайоху. |
|
| 11 |
|
| Нуьцкъала лом шена ижу ца хилча ле, ткъа лоьмийн кӀорнеш дӀасаяьржа. |
|
| 12 |
|
| Цхьана дийнахь къайлаха хаам беара соьга, сан лергашна цунах лаьцна цхьа шабар-шибар деш хезира, |
|
| 13 |
|
| сингаттамечу буса гуш долу гӀенаш санна, чӀогӀа наб а кхетта, адам дӀадижначу хенахь. |
|
| 14 |
|
| Суна чӀогӀа кхерам тесна дела, сан массо а даьӀахк егош яра. |
|
| 15 |
|
| Суна тӀехула цхьа са дӀадахара, ткъа сан коьртара месаш ирахӀиттира. |
|
| 16 |
|
| Иза сецира, амма суна цуьнан сибат ца гора, сан бӀаьргашна хьалха цуьнан амат бен дацара. Лохха мох хьокхуш санна хеттачу суна цуьнан аз хезира: |
|
| 17 |
|
| „Адаман йиш юй Далла хьалха бакъахьара хила? Цуьнан йиш юй ша Кхоьллинчунна хьалха цӀена хила? “ |
|
| 18 |
|
| Иза ур-атталла стигаларчу Шен ялхойх а тешна Ӏаш вац, ур-атталла Шен маликашна тӀехь а Цунна кхачамбацарш го. |
|
| 19 |
|
| Кхин а кӀезиг тешна Ӏаш хир ву Иза адамех, церан догӀмаш поппарх дича санна долчу, церан дахар гӀамар тӀехь лаьтташ санна долчу. Уьш-м нецал а атта тӀетоьхна дайалур ма ду. |
|
| 20 |
|
| Ӏуьйранна сарралц уьш хьоьшуш ду, цхьанна а гур а доцуш, гуттаренна а хӀаллакьхуьлу. |
|
| 21 |
|
| Машшаш а хедийна, церан четар дакъазадоху. Уьш ле, хьекъалалле кхин ца кхочуш». |
|
|
|
|