|
| 1 |
|
| Везачу Эло Аюбе, дарцана юккъера схьа вист а хилла, элира: |
|
| 2 |
|
| «Хьайн гӀодаюкъ, къонахчо санна, дӀаехка: Ас хаттарш дийр ду хьоьга, ткъа ахьа Суна жоп ло. |
|
| 3 |
|
| Хьо Сан кхел яр харцдан воллу, хьо бехказавалархьама, Со бехке а веш? |
|
| 4 |
|
| Хьан дуй ткъа Делан санна нуьцкъала куьг, Цуьнан санна долчу озаца хьоьга къекъалур дуй? |
|
| 5 |
|
| ТӀаккха возаллица а, юьхькӀамца а хазло, иштта сий а, исбаьхьалла а хьайна тӀедуха. |
|
| 6 |
|
| Хьайн чӀогӀа йолу дералла дӀа а хеца, курачуьнга дӀа а хьажий, иза охьатаӀаве. |
|
| 7 |
|
| Массо а курачаьрга дӀа а хьажий, уьш юьхьӀаьржачу хӀиттабе, шаьш мел лаьттачу меттигашкахь Ӏеса нах дӀа а хьаша. |
|
| 8 |
|
| Уьш лаьттах а бохкий, боданечу эхарта чу йийсаре дӀабига. |
|
| 9 |
|
| ТӀаккха Ас-Айса хьуна хьалха даре дийр ду хьан аьтту куьйго хьо кӀелхьарвоккхург хилар. |
|
| 10 |
|
| ХӀинца бегемотах лаьцна дуьйцур ду Аса. И доккха дийнат, хьо санна, Аса дина ду. Цо буц йоу, стеро санна. |
|
| 11 |
|
| Шен гӀогӀашкахь ма ницкъ болуш ю иза! Цуьнан гайна тӀехь долу пхенаш ма чӀогӀа ду! |
|
| 12 |
|
| Цуьнан цӀога, баганан дитт санна, чӀогӀа ду, ткъа пхенаш цуьнан хенаш тӀехь вовшахъхьирчина ду. |
|
| 13 |
|
| Цуьнан когийн даьӀахкаш цӀестан турбанаш санна ю, цуьнан пӀендарш аьчка гӀожмаш санна ду. |
|
| 14 |
|
| Иза Аса кхоьллинчарна юкъахь уггар ницкъ болуш ю. Сайн туьраца иза кхоьллинчу Соьга бен иза эшалур яц. |
|
| 15 |
|
| Цунна лаьмнаша ло кхача, циггахь ловзуш лелаш ду аренан акхарой. |
|
| 16 |
|
| Коканийн коьллашна кӀел Ӏуьллу иза, уьшалийн шач юкъахь дӀалечкъа. |
|
| 17 |
|
| Оцу коьллаша шайн ӀиндагӀа кӀел иза дӀалачкъайо, хина йистерачу дак-дитташа цунна го бо. |
|
| 18 |
|
| Хи къиза лелачу хенахь, иза цунах ца къехка. Йордан-хи шен бета тӀе деача а, иза синтемехь ю. |
|
| 19 |
|
| Цуьнан бӀаьргашна хьалха а хӀоьттина, цуьнан мерах мӀара хьаьнга чекхбаккхалур бара? |
|
| 20 |
|
| МӀераца Левиятан цӀе йолу саьрмик хьалабаккхалур барий хьоьга, муьшаца оцу саьрмикан мотт дӀабехкалур барий? |
|
| 21 |
|
| Цуьнан мерӀуьргахула тӀийраг чекхъяккхалур ярий хьоьга, я мехаца мочхалх Ӏуьрг даккхалур дарий? |
|
| 22 |
|
| Цо хьоьга юх-юха а дехарш дийр дуй те? Иза хьоьга эсалчу дешнашца бистхир буй те? |
|
| 23 |
|
| Гуттаренна а хьан лай хила, цо хьоьца барт бийр буй те? |
|
| 24 |
|
| Олхазарца санна, цуьнца ловзуш хир ву хьо? Хьайн гӀарбашийн дуьхьа иза дӀабоьхкур бу ахь? |
|
| 25 |
|
| ЧӀерийлецархоша, хьоьца мах а бийцина, хьоьгара оьцур бу иза? Цара, нахана дӀабохкийтархьама, совдегаршна юкъахь боькъур бу иза? |
|
| 26 |
|
| Цуьнан цӀока хьоьга гоьмукъех юзалур ярий я цуьнан коьртах чаьнчакх чекхъяккхалур ярий? |
|
| 27 |
|
| Нагахь санна хьайн куьг цунна тӀе ахь диллахь, и тӀом хьуна, иштта кхин ца леллал, дага боуьйтур а бу». |
|
|
|
|