|
| 1 |
|
| Везачу Эло кхидӀа а элира: [1] «Левиятан караӀамо хьан сатийсам харц хир бу! Иза цкъа схьахьаьжча а, хьо охьавужур ву. |
|
| 2 |
|
| Иза меттахъхьабан ваьхьар волуш цхьа а вац. ТӀаккха Сан юьхь-дуьхьал хӀотта мила ву? |
|
| 3 |
|
| Соьга декхар такхийта Суна хьалха мила хӀуттур вара? Массо а стигална бухахь мел дерг Сан ду. |
|
| 4 |
|
| Цуьнан меженех лаьцна ца олуш Ӏийр вац Со, иштта цо динчу сийлахь гӀуллакхех а, схьахьаьжча, цуьнан кеп товш хиларх а. |
|
| 5 |
|
| Цунна тӀера бедар хьаьнга схьаяккхалур ю? Цуьнан шалхачу гӀаьгӀна хьаьнга хӀума Ӏотталур ю? |
|
| 6 |
|
| Хьан хьалагӀаттор ю цуьнан бага? Гонах йолчу цуьнан цергаша Ӏадаво. |
|
| 7 |
|
| Цуьнан букъ тӀехь турсийн могӀарш ду, готтачу мухӀаро вовшахтоьхна долу. |
|
| 8 |
|
| Уьш юх-юххехь духкуш ду, царна юккъехула хӀаваъ а чекхдер дац. |
|
| 9 |
|
| Цхьаъ вукхунна улло таьӀна ду, дӀаса ца деккъал вовшахтоьхна. |
|
| 10 |
|
| Цо хьоршам тоьхча, ткъес тоьхча санна хета, цуьнан бӀаьргаш сатасаран зӀаьнарш санна лепа. |
|
| 11 |
|
| Цуьнан багара араюьйлуш цӀе ю, суйнаш дӀаса а детташ. |
|
| 12 |
|
| Цуьнан мерӀуьргашкахула кӀур арабуьйлу, кхехкаш болчу яй чуьра Ӏаь ма-яллара. |
|
| 13 |
|
| Цуьнан садеӀаро кӀоранах а цӀе тосу, ткъа багара аракхуьйсуш цӀеран алунаш ю. |
|
| 14 |
|
| Цуьнан вортанехь боккха ницкъ бу, и къемате хиларо стаг Ӏадаво. |
|
| 15 |
|
| Цуьнан дилханан хершнаш готта дӀатоьхна ду. Уьш меттах ца долу лалийна эчиг санна ду. |
|
| 16 |
|
| ТӀулг санна долу цуьнан дог кхерамбоцуш ду, иза, хьеран бухалара кохьар санна, чӀогӀа ду. |
|
| 17 |
|
| Иза хьалагӀоттучу хенахь турпалхой а Ӏадабо, дог доьхна а болуш, уьш цунах юхабоьрзу. |
|
| 18 |
|
| Цунна тӀе тоьхна долу тур латталур дац, гоьмукъо я цамзано, я пхаро цунна зен дийр дац. |
|
| 19 |
|
| Эчиг цунна ча санна кӀеда ду моьтту, цӀаста цунна мурйоьлла дечиг санна хета. |
|
| 20 |
|
| Иза секхаӀодан пхерчех дӀа ца боду, ткъа ширдолаган тӀулгаш цунна кегаш санна ду. |
|
| 21 |
|
| Шена чхьонкар кхетча, чамхалг Ӏоттаелча санна хета цунна, ткъа гоьмукъ кхетча иза боьлу. |
|
| 22 |
|
| Цуьнан гай кхийрачу пхьегӀийн ира геригаш йолуш санна ду, сазз тӀехула иза лелча, цуьнан лар, мекха такхийча санна, хуьлу. |
|
| 23 |
|
| Хин кӀорге цо, яй санна, кхоьхкуьйту, хӀорд, молханийн чорпа санна, дӀахӀоттабо. |
|
| 24 |
|
| Цо шена тӀаьхьа къегаш йолу лараш юьту, хин кӀоргенна тӀехь къежбелла корта санна хилар хоьтуьйтуш. |
|
| 25 |
|
| Оцу экхане нислуш кхин цхьа а экха дац, цунна кхерам бохург хӀун ду а ца хаьа. |
|
| 26 |
|
| Иза майрра хьоьжу массо а дегалчу экханашка, массо а курачу акхарошна тӀехь иза паччахь ду». |
|
|
|
|