|
| 1 |
|
| Элипаза кхидӀа а элира [1] «Ахьа кхайкхахь, хьуна дуьхьал жоп хьан лур ду? Дезачу маликех ахь муьлхачуьнга гӀо доьхур ду? |
|
| 2 |
|
| Карзахвийларо сонтаниг войур ву, хьегаро хьекъал доцург хӀаллаквийр ву. |
|
| 3 |
|
| Ӏовдал стаг дика ваха охьахиъна гина суна, амма сихха цуьнан цӀенна неӀалт кхайкхийна ас. |
|
| 4 |
|
| Цуьнан бераш маршонехь хиларна генахь ду. Нагахь гӀалин кевнна уллохь цаьрца стаг кхеле валахь, царна гӀо дан цхьа а вац. |
|
| 5 |
|
| Цуьнан ялта мецачо дӀакхоллур ду, цо иза ур-атталла коканех а цӀандийр ду, ткъа хьогах берш цуьнан бахамах хьоьгур бу. |
|
| 6 |
|
| Зулам лаьтта бухара арадолуш ма дац, ткъа бохам кха тӀехь хьалаболуш а бац. |
|
| 7 |
|
| ЦӀеран суйнаш ирх ма лелххара, адам бала хьега кхоьллина ду. |
|
| 8 |
|
| Хьан метта со хилча, Аюб, со Далла тӀе воьрзур вара, сайн гӀуллакх аса Цунна хьалха дӀахӀоттор дара. |
|
| 9 |
|
| Даккхий ду Цуьнан гӀуллакхаш, царах вай кхетар доцуш, Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дагардина а вер вац. |
|
| 10 |
|
| Цо лаьтта тӀе догӀа а доуьйту, кхаш тӀе хи а дуьллу. |
|
| 11 |
|
| Шаьш кӀезиг хеташ берш Цо лакхабоху, тийжаш берш Цо кхоччуш маьршабоху. |
|
| 12 |
|
| Цо хӀилланчийн дагалацамаш бохабо, уьш кхочуш ца хилийтархьама. |
|
| 13 |
|
| Хьекъалалла дерш Дала церан шайн хӀилланца схьалоцу, мекарчара дан леринарг Цо кхочуш ца хуьлуьйту. |
|
| 14 |
|
| Дийнахь уьш боданехь хуьлу, ткъа де делкъе даьлча, буьйсанна санна, куьйган уьшаршца лела. |
|
| 15 |
|
| Пекъар нуьцкъалчеран куьйгах Цо кӀелхьарвоккху, мисканиг церан бетера догӀучу туьрах Цо ларво. |
|
| 16 |
|
| Иштта, къечу стеган сатуьйсийла ю, ткъа харцоно шен бага дӀачӀагӀйо. |
|
| 17 |
|
| Декъала ву Дала нисво стаг. Нуьцкъалчун таӀзар дегаза ма хета, |
|
| 18 |
|
| хӀунда аьлча Цо чов а йо, амма Цо дӀа а йоьхку. Цо лаза а во, амма Цуьнан куьйгаша дарба а до. |
|
| 19 |
|
| Юх-юха а Дала баланех воккхур ву хьо, уьш хьох хьакха а лур бац. |
|
| 20 |
|
| Дала мацаллех хьо кӀелхьарвоккхур ву, тӀам тӀехь туьрах а ларвийр ву. |
|
| 21 |
|
| Мотт беттарх Цо хьо ларвийр ву, бохам хьайна тӀебеача, цунах хьо кхера ца веза. |
|
| 22 |
|
| ХӀаллакьхиларх а, мацаллех а хьо воьлур ву, акхаройх а хьо кхоьрур вац. |
|
| 23 |
|
| Аренгахь долчу тӀулгашца а хьан барт хир бу, акхарой а хир ю хьоьца машарехь. |
|
| 24 |
|
| Хьуна хуур ду, хьайн четарна кхерам боцийла, ткъа хьайн бахаме хьоьжуш хилча, дайна хӀума хир доцийла. |
|
| 25 |
|
| Хьуна хуур ду, хьан бераш дуккха а хилар, хьайн тӀаьхьенах берш аренгара буц санна хилар. |
|
| 26 |
|
| Къанвелча бен хьуна Ӏожалла гур яц, ялтин цӀевнаш шен хеннахь дӀа-ма-хӀиттора. |
|
| 27 |
|
| И хӀума тхуна иштта хир дуйла хиъна, цундела, тхоьга ла а догӀий, хӀара хьехар дӀаэца». |
|
|
|
|