|
| 1 |
|
| Аюба элира: «Адамо дуьнен тӀехь чӀогӀа къахьега дезаш ду. Цуьнан дахар тӀелаьцначу белхалочун санна ду. |
|
| 2 |
|
| Стаг, суьйренан ӀиндагӀах хьоьгуш волу лай санна ву, иза иштта алапе сатесна волу белхало санна а ву. |
|
| 3 |
|
| Оццу тайпана эрна беттанаш суна билгалдаьхна ду, гӀайгӀанех юьзна йолу буьйсанаш суна лерина ю. |
|
| 4 |
|
| ДӀавуьжучу хенахь ас ойла йо: „Маца гӀоттур ву те со хьала?“ Ткъа буьйса яхло, малх схьакхетталц дӀасакерчаш Ӏуьллу со. |
|
| 5 |
|
| Сан дегӀ кӀомарех а, нӀаьнех а хьаладуьзна, дегӀа тӀера чкъор эттӀа, ткъа цу чевнашна ноткъа йина. |
|
| 6 |
|
| Сан денош кӀади деш йолчу чорха тӀехь дӀасакхуьссуш долчу гуйнел а сиха тӀехлелха, сатийсам боцуш сан денош чаккхенга кхочу. |
|
| 7 |
|
| Веза Эла, дагадаийтахьа Хьайна сан дахар цкъа садаккхал бен доцийла, сан бӀаьргашна кхин цкъа а самукъане дерг гур доцийла. |
|
| 8 |
|
| Со хӀинцца гинчу бӀаьргашна а со кхин гур вац. Хьо соьга хьоьжуш хир ву, амма со кхин хир вац. |
|
| 9 |
|
| Марха, нилха а йолий, дӀайоьду, иштта эхарта чу ваьлларг юха ца вогӀу. |
|
| 10 |
|
| Иза цкъа а ша дитинчу цӀа чу юхавоьрзур вац, цуьнан цӀенна а иза кхин вевзар вац. |
|
| 11 |
|
| Цундела со вист ца хуьлуш соцур вац — аса со саготта хиларх лаьцна дуьйцур ду, сайгахь болу бала а дӀабуьйцур бу. |
|
| 12 |
|
| Со хӀорд бу те я хӀордан саьрмик бу те, Ахьа со ларван гӀарол хӀотто? |
|
| 13 |
|
| „Суна биллинчу матто суна синтем бийр бу, сан аьрзнех маьнгано суна гӀоле йийр ю“, — аьлла, аса ойла йича, |
|
| 14 |
|
| Ахьа со инзаречу гӀенашца кхераво, буьйсанан суьрташца со Ӏадийна латтаво. |
|
| 15 |
|
| Цундела со садукъдина валар гӀоле яра, хӀокху сайн дегӀа чохь со вехачул. |
|
| 16 |
|
| Суна сайн дахар къахьделла. Массо а ханна со вехаш хир вац. Витахь со, хӀунда аьлча сан дахар эрна ду. |
|
| 17 |
|
| ХӀунда хадабо Ахьа адаман сел лакхара мах? Ахь иза леррина тергал хӀунда веш ву? |
|
| 18 |
|
| ХӀунда вогӀу Хьо и волчу хӀора Ӏуьйранна? ХӀунда зоь Ахьа иза мел волчу хенахь? |
|
| 19 |
|
| Суна тӀера бӀаьрг Ахьа дӀа хӀунда ца боккху? Цхьанна а ханна Ахьа со-со хӀунда ца вуьту? |
|
| 20 |
|
| Адамаш ва тергал дийриг! Ас къа латийнехьара, Хьуна хӀун зен дийр дара ас? ХӀунда хӀоьттина со Хьан Ӏалашо хилла дӀа? Ахь дӀакхехьа беза мохь сох хиллий те? |
|
| 21 |
|
| Соьгара даьллачу къинна Ахь геч хӀунда ца до? Сан зуламна къинтӀера хӀунда ца волу Хьо? Со кестта ченалахь Ӏуьллур ма ву. Ахь со лохур ву, амма со кхин хир вац». |
|
|
|
|