|
| 1 |
|
| ТӀаккха шуахьахо волчу Билдада Аюбе элира: |
|
| 2 |
|
| «Дукха дийр дуй ахьа цу тайпана къамел? Хьан багара схьадолу дешнаш сиха мох санна ду. |
|
| 3 |
|
| Дала бакъдерг гамдо те? Нуьцкъалчо нийсо гамйо те? |
|
| 4 |
|
| Хьан бераша Цунна хьалха къа латийнехь, и къинош бахьана долуш Цо таӀзар до царна. |
|
| 5 |
|
| Нагахь хьо даггара Дела лоьхуш велахь, нуьцкъалчу Деле дехарш ахь дахь, |
|
| 6 |
|
| хьо билггал дика а, догцӀена а велахь, Иза хьуна орцах ван хьелур вац, хьуна йогӀу хӀусам Цо тойийр ю. |
|
| 7 |
|
| Хьан долахь хилларг кӀезиг хетар ду, хьан хинболу бахам алсам хир болу дела. |
|
| 8 |
|
| Хьайн дайшка хатта, царна гинчух лаьцна ойла е. |
|
| 9 |
|
| Селхана дуьнен чу девллачу тхуна хӀумма а ца хаьа, дуьнен тӀехь долу тхан дахар, ӀиндагӀ санна, сихло. |
|
| 10 |
|
| Дайша хьо Ӏамор ву, цара эр ду хьоьга, шайн дага тӀера дешнаш схьадохур ду: |
|
| 11 |
|
| „Уьшал йоцучохь шач тӀейолий? Хи доцучохь эрз тӀеболий? |
|
| 12 |
|
| Ховха а, хадоза а иза боллушехь, хи дӀалакъийча, вукху бецал а хьалха маргӀалбоьлла дӀахӀуттур бу. |
|
| 13 |
|
| Иштта ду массо а Дела вицвинчеран некъаш. Иштта хӀаллакьхир ю Ӏесачеран сатуьйсийла. |
|
| 14 |
|
| Цуьнан сатуьйсийла ледара ду, цуьнан тӀетовжийла гезгамаша бу. |
|
| 15 |
|
| Шен цӀенна тӀе тевжар ву иза, амма латталур вац, цо схьалоцур ду иза, амма иза хӀотталур вац“. |
|
| 16 |
|
| Иза дика яшийна товнехь йолу орамат санна ву, цуьнан зӀийдагаш ерриг а бешахула дӀаса а хецна. |
|
| 17 |
|
| Цуьнан орамаш тӀулгех дӀатийсалуш ду, жагӀанна юккъехула дӀаса а даьржаш. |
|
| 18 |
|
| Амма и орамат ша хьалха тӀедолуш хиллачуьра схьадаьккхича, и тӀедолуш йолчу меттигна иза дицлур ду. Цо эр ду: „Хьо кхузахь цкъа а ца гина!“ |
|
| 19 |
|
| Эццахь кхачало цуьнан ирсе дахар, ткъа цуьнан метта лаьттара кхидерш тӀедовлу. |
|
| 20 |
|
| Гой хьуна, Везачу Эло бехк боцург дӀа ца тосу, вочарна Цо, куьйгаш схьа а лаьцна, гӀо а ца до. |
|
| 21 |
|
| Цо хьуна юхадерзор ду синкъераме велар, Цо иштта схьалур ду хьуна воккхаверан аз а. |
|
| 22 |
|
| Хьо ца везарш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу, иштта Ӏесачеран четарш а кхин хир дац». |
|
|
|
|