|
| 1 |
|
| ТӀаккха Аюба жоп делира: |
|
| 2 |
|
| «Бакъ ду, со дика кхета ахь бохучух. Амма Далла хьалха адам нийса муха хир ду? |
|
| 3 |
|
| Нагахь цунна Цуьнца къовсавала лаахь, эзар хаттарна юккъера цхьанна а адаме жоп далалур дац. |
|
| 4 |
|
| Веза Эла хьекъал долуш а ву, Цуьнгахь ницкъ а бу, Цунна дуьхьал а ваьлла, зен ца хуьлуш виснарг мила ву? |
|
| 5 |
|
| ЦӀеххьана Цо лаьмнаш меттахдоху, Шен оьгӀазаллехь уьш харца а до. |
|
| 6 |
|
| Цо латта меттах а доккху, цуьнан баххаш дега а до. |
|
| 7 |
|
| Цо омра дича, малх а схьакхетар бац, Цуьнан седарчий дӀакъовла а таро ю. |
|
| 8 |
|
| Цо цхьаммо стигал дӀасаяржайо, Иза ву хӀордан тулгӀенаш тӀехула лелаш верг. |
|
| 9 |
|
| Дала кхоьллина ду Ча а, Орион а, ВорхӀ Седа а, иштта къилбехь долчу седарчийн массо куьцаш а. |
|
| 10 |
|
| Цо мел деш дерг кхетам тӀе ца кхочуш ду, Цуьнан тамашийна хӀуманаш дагар а далур дац. |
|
| 11 |
|
| Иза уллохула тӀехваьлча, суна гур а вац, Иза гергахула лелча, суна хаалур а вац. |
|
| 12 |
|
| Цунна хӀума дӀадаккха лаахь, Иза хьаьнга сацалур ву? Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа иза хӀунда до?“ |
|
| 13 |
|
| Дала Шен оьгӀазалла сацор яц, хӀордан саьрмик болчу РахӀабан гӀоьнчий а Цуьнан куьйгашна кӀел охьатаӀийра. |
|
| 14 |
|
| Ткъа со муха къовсалур ву Цуьнца? Карор дуй суна Цуьнга ала хӀума? |
|
| 15 |
|
| Со бехк боцуш хилча а, соьга Цунна дуьхьал дош дахьалур дац. Соьга сан Кхелахочуьнга нийсо яр бен дехалур дац. |
|
| 16 |
|
| Ас кхайкхинчул тӀаьхьа Цо суна жоп делча а, со тешар вацара, Цунна со дӀахезна аьлча. |
|
| 17 |
|
| Йилбазмох а хьокхуьйтуш, Иза суна тӀекхета, бахьана доцуш сан чевнаш Цо совйоху, |
|
| 18 |
|
| соьга доккха са ца доккхуьйту Цо, сан дахар баланех хьаладузу. |
|
| 19 |
|
| Ницкъах лаьцна аьлча, Иза уггар Нуьцкъалниг ву. Кхелах лаьцна аьлча, Цо олу: „Со кхеле хьан озор вара?“ |
|
| 20 |
|
| Со бакъ велахь а, сан матто суна кхел йийр яра. Со бехке вацахь а, Цо со бехке ву эр дара. |
|
| 21 |
|
| Со бехке вац! Сан бала бац сайна хӀуъа хир делахь а, хӀунда аьлча суна сайн дахар къахьделла. |
|
| 22 |
|
| Аса сайга боху: „Массо а хӀума бен доцуш ду. Бехк боцург а ле, бехк берг санна. Массеран а дахар хадош верг Дела ву“. |
|
| 23 |
|
| Еттачу шедо цӀеххьана Ӏожалла еача, бехк боцург дог доьхна хьовзарх кхаьрда Иза. |
|
| 24 |
|
| Дуьне Ӏесачеран кара дӀаделла ду, ткъа Цо кхелахойн бӀаьргаш дӀакъовлу. Цо дӀакъовлуш ца хилча, хьан къовлу уьш? |
|
| 25 |
|
| Сан денош геланчел а сиха дӀаоьхуш ду, цхьа а дика ца гуш, уьш дӀаоьхуш ду. |
|
| 26 |
|
| Уьш, эрзах дина дайн хинкема санна, тӀехдуьйлуш ду, шен ижуна тӀехьаьдда куьйра санна, сиха тӀехлелха уьш. |
|
| 27 |
|
| Ас Хьоьга ала тарлора: „Сайн аьрзнаш дицдийр ду ас, сайн юьхь самукъане хилийта“. |
|
| 28 |
|
| Амма со керлачу вонех кхоьру, хӀунда аьлча суна хаьа Ахьа бехк суна тӀе буьллур буйла. |
|
| 29 |
|
| Со юха а бехке узур хилча, стенна хьега деза аса эрна къа? |
|
| 30 |
|
| Лайн хица юьхь аса йилича а, сайн куьйгаш аса цӀенна сабанца цӀандича а, |
|
| 31 |
|
| Ахьа со тӀаккха а модашна юккъе вуллур вара. Сан бедаршна а со дегаза хетар вара. |
|
| 32 |
|
| Веза Эла со санна долу адам ма дац. Цундела сан аьтто бац Цунна жоп дала а, со Цуьнца цхьаьна кхеле ваха а. |
|
| 33 |
|
| Тхуна юкъахь юкъалеларг велахьара, шен куьйгаш тхуна тӀедахка. |
|
| 34 |
|
| Шен гӀаж суна тӀера Цо дӀайоккхийла, со Шен къематаца Цо кхера ма войла. |
|
| 35 |
|
| ТӀаккха со Цунах ца кхоьруш вист хир вара, хӀунда аьлча хӀинца со сайна чохь кхиниг ву». |
|
|
|
|