Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Везачу Эло со ларвар лоьху аса. ХӀунда олу аша сан сине: «Олхазар санна, тӀема а далий, шайн лома тӀе дӀагӀо? |
| 2 |
| Ӏесачара, секхаӀедаш а дуьйлина, шайн пхерчий зӀенаршна тӀехӀиттийра, боданехь догцӀеначарна тӀетохархьама. |
| 3 |
| ХӀун дийр ду Делан лаамехь болчара, шайна кӀелара Ӏесачара бух дӀабаьккхича?» |
| 4 |
| Веза Эла Шен дезачу цӀа чохь ву, Цуьнан Ӏарш стигалшкахь ю. Цуьнан бӀаьргаш массо а стаге хьоьжу, дӀабиллинчу бӀаьргашца Цо адамаш толлу. |
| 5 |
| Везачу Эло зоь Шен лаамехь верг а, Ӏесаниг а, ткъа къизалла ерг Шен дерриг а синца Цунна ца веза. |
| 6 |
| Ӏесачарна тӀе догуш долу кӀегий а, саьмгал а, догӀа санна, охьаӀанор ду Цо. Чахчо мох а церан кхоллам хир бу. |
| 7 |
| Веза Эла нийса а ву, Цунна нийсо а еза. ДогцӀеначунна Цуьнан юьхь гур ю. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/010.mp3
150
10