×

Делан Йозанаш 2012

Забур 100

1
Даудан назма. Тешаме хиларх а, нийсонах а лаьцна ас назма эр ю, Хьуна, Веза Эла, ас хастаман йиш локхур ю.
2
Аса тидам бийр бу цӀеначу новкъахь со лелаш хиларан. Хьо маца вогӀур ву те суна тӀе? ЦӀеначу дагца со лелар ву сайн цӀа чохь.
3
Ас сайна уллохь вон гӀуллакх дойтур дац. Делах дӀабирзинчара лелораш суна ца деза. И хӀуманаш суна тӀелетар дац.
4
Телхина ойланаш ас дага чуьра дӀахерйийр ю. Вон хӀуманаш суна девзар дац.
5
Къайлаха шайна уллорачарна луьйш берш ас дӀасовцор бу. Кура бӀаьргаш а, кура дог а дерш сайна уллохь хуьлуьйтур бац.
6
Аса къобалбийр бу махкахь Далла тешаме берш, уьш сайца цхьаьна бахкийтархьама. ЦӀеначу новкъахь лелаш болчаьрга — цаьрга сайна гӀуллакх дойтур а ду.
7
Ямарта волу стаг сан цӀа чохь Ӏийр вац. Харцдерг дуьйцург сан бӀаьргашна хьалха лаьттар вац.
8
ХӀора Ӏуьйранна ас совцор бу махкахь болу массо а Ӏесанаш. Везачу Элан гӀалара Аса дӀабохур бу берриш а харцонаш лелош берш.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки