|
| 1 |
|
| Баланехь волчу стеган доӀа, иза дог доьхна волчу хенахь дина цо, Везачу Элана хьалха шен бала балхочу хенахь. |
|
| 2 |
|
| Веза Эла! ДӀахазахьа сан доӀа, сан орца даккхар Хьо волчу дӀакхочийла. |
|
| 3 |
|
| Соьга вон деанчу дийнахь Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа. Хьайн лерг соьга схьадерзадехьа, со Хьайга кхойкхучу дийнахь суна сихонца жоп лохьа. |
|
| 4 |
|
| Сан денош, кӀур санна, къайладовлуш ду, сан даьӀахкаш, кхерч санна, йогуш ю. |
|
| 5 |
|
| Сан дог доьхна, иза, буц санна, дакъаделла, со сайна кхача баа а вицло. |
|
| 6 |
|
| Сайгахь болу бала бахьана долуш со азвелла дӀахӀоьттина. |
|
| 7 |
|
| Яьссачу арахь лела бухӀа санна, висина со, саьлнаш юкъахь ехаш йолу бухӀа санна ву со. |
|
| 8 |
|
| Со вуьжуш а вац, суна наб а ца кхета, тхов тӀехь Ӏаш долу ша дисна олхазар санна ву со. |
|
| 9 |
|
| МостагӀаша дийнахь сарралц суна кхиссарш йо, со кхаьрдачара сох нахана неӀалташ боху. |
|
| 10 |
|
| Бепиг санна, чим боу аса, ас молуш мел дерг сан бӀаьрхиша дурдина. |
|
| 11 |
|
| И дерриг а Хьо суна оьгӀазвахар бахьана долуш ду, хӀунда аьлча Ахьа со хьала а айина, юха охьа а кхоьссина. |
|
| 12 |
|
| Сан денош къайладолу ӀиндагӀ санна ду, со, буц санна, вакъавелла дӀаваьлла. |
|
| 13 |
|
| Ткъа Хьо, Веза Эла, абаденналц а паччахьалла деш ву, Хьо тӀаьхьенашкара тӀаьхьенийн а дагахь ву. |
|
| 14 |
|
| Хьо гӀоттур ву, Ахьа Цийонах къинхетам бийр бу, цуьнца дика хила еза зама тӀееана дела. Билгалъяьккхина хан тӀе ма еана. |
|
| 15 |
|
| Хьан леш долчу тхуна цунах дисна тӀулгаш а дукхадеза. Цунах йисинчу саьлнийн ченах а тхуна кхоам хета. |
|
| 16 |
|
| Къаьмнаш ларамах дузур ду Везачу Элана хьалха, лаьттахь мел бехаш болчу паччахьаша Хьан сийлалла лорур ю. |
|
| 17 |
|
| Везачу Эло Цийон юхаметтахӀоттор ю, ткъа Иза Шен сийлаллица массарна а дуьхьалхӀуттур ву. |
|
| 18 |
|
| ГӀийлачу адамийн доӀа Цунна дӀахезар ду, Иза къора хир вац цара доьхучунна. |
|
| 19 |
|
| Цунах лаьцна тӀейогӀучу тӀаьхьенна дӀаяздина хуьлийла, хӀинццалц кхоьллина доцучу халкъе Цунна хастамаш байтархьама. |
|
| 20 |
|
| Лакхенгахь йолчу Шен езачу меттера Веза Эла охьа а хьаьжира, стигалшкара дуьнене Цо бӀаьрг а туьйхира, |
|
| 21 |
|
| набахтехь болчеран узарш хазархьама а, хӀаллакбан кхел йинарш паргӀатбахархьама а. |
|
| 22 |
|
| Иштта, Цийонехь Везачу Элан цӀе а йоккхур ю, Ярушалаймехь Цунна хастам а бийр бу, |
|
| 23 |
|
| къаьмнаш а, пачхьалкхаш а схьагулъелча, Везачу Элана Ӏибадат дархьама. |
|
| 24 |
|
| Къоналлехь Цо со гӀелвина, сан денош а Цо дацдина. |
|
| 25 |
|
| ТӀаккха ас элира: «Сан Дела! Со къона волчу хенахь ма валийтахьа со. Хьо массо а ханна хир ма ву вехаш. |
|
| 26 |
|
| Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигалш йина. |
|
| 27 |
|
| Уьш дӀадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву. Уьш дерриг а, бедарш санна, тишлур ду. ТӀеюху хӀума санна, Ахь уьш хуьйцур ду, тӀаккха уьш къайладохур ма ду. |
|
| 28 |
|
| Амма Хьо цкъа а хийцалур вац, Хьан дахар чекх а дер дац. |
|
| 29 |
|
| Хьан леш долчу тхан бераш маьршачу меттехь дехар ду, ткъа церан тӀаьхьенаш Хьуна хьалха Ӏаш хир ю». |
|
|
|
|