×

Делан Йозанаш 2012

Забур 102

1
Даудан назма. Декъалвойла сан сино Веза Эла! Суна чохь мел долчу хӀумано а декъалйойла Цуьнан еза цӀе!
2
Сан сино Веза Эла декъалвойла! Сан даго Цо мел дина дика диц а ма дойла!
3
Ас мел хьерчийначу къиношна а геч ма до Цо. Сан мел йолчу цамгарех а то ма во Цо.
4
Со валарх а ларво Цо. Шен хедар боцучу безамца а, къинхетамца а го бо Цо.
5
Сан дахар диканах дузу Цо. Къоначу аьрзунан санна, сан къоналла а карлайоккху Цо.
6
Везачу Эло бакъонца дерг а кхуллу, ницкъ хиллачунна а нийсо хилийта хьожуш ву Иза.
7
Шен некъаш гайтира Цо Муса-пайхамарна. Шен гӀуллакхаш гайтира Цо Исраилан халкъана.
8
Къинхетаме а, дика а ву Веза Эла. Иза оьгӀаз а атта ца воьду, ткъа Цуьнан безам а боккха бу.
9
Гуттаренна а ца хуьлу Везачу Эло бехк биллар. Гуттаренна а дац Цуьнан оьгӀазвахар.
10
Вай еш йолчу харцонашка хьаьжжина, ца до Цо вайна дан доггӀург. Вай хьерчош долчу къиношка хьаьжжина, ца до Цо Ша дийриг а.
11
ХӀунда аьлча, стигал лаьттана гена йолччул, боккха бу Везачу Элан Шех кхоьручаьрга болу безам.
12
Малхбалехьара малхбузенга кхаччалц йолу еха юкъ санна, дӀакъастадо Цо вай хьерчийна долу къинош вайх.
13
Дай шайн берашца къинхетаме хиларе терра, Везачу Эло а къинхетам бо Шех кхоьручарах.
14
Везачу Элана хаьа, Ша вай стенах кхоьллина ду, хаьа Цунна, Ша вай поппарх дина дуйла.
15
Адамийн денош а, тӀеяьлла йолу буц санна, доца ду. Аренгахь кхуьу зезаг санна, кхуьу адамаш а.
16
Ткъа чӀогӀа мох тӀехьаькхча, и зезаг хӀаллакьхуьлу, и хилла меттиг а евзар яц цхьанна а.
17
17-18 Азалера абаденналц бу Везачу Элан хедар боцу безам Цунах кхоьручаьрга, ткъа Цуьнца бина барт ларбеш йолчу а, Цо делла парзаш кхочушдеш йолчу а массо а тӀаьхьенашна Цуьнан дика лаьтта.
18
***
19
Стигалшкахь дӀахӀоттийна Везачу Эло Шен олаллин гӀант. Олалла до Цо доллучу хӀуманна а тӀехь.
20
Онда ницкъ болуш долчу а, Цуьнан дош кхочушдеш долчу а массо а маликаша декъалвойла Веза Эла, Цуьнан дашна муьтӀахь а хуьлуш.
21
Цуьнан лаамаш кхочушбеш болу ялхой болчу стигалийн массо а ницкъаша декъалвойла Веза Эла.
22
Декъалвойла Веза Эла Цуьнан доллучу гӀуллакхаша, Цо олалла деш йолчу массо а меттигашкахь! Декъалвойла Веза Эла сан сино!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки