|
| 1 |
|
| Хастам бе, сан са, Везачу Элана! Сан Веза Дела, Хьо инзаре воккха ву, паччахьан сий а, исбаьхьалла а Хьан духар санна ду. |
|
| 2 |
|
| Ахь оба санна, тӀеюхуш ерг серло ю, четар санна дӀасаяржийна Ахьа стигал а. |
|
| 3 |
|
| Ахьа стигаларчу хишна тӀехула Хьайна Ӏа меттиг йо. Мархех Ахь Хьайна гӀудалкх йо, Хьо мохан тӀемашна тӀехь а хехкало. |
|
| 4 |
|
| Ахьа мехех Хьайн геланчаш бо, цӀеран алунех Хьайн ялхой бо. |
|
| 5 |
|
| Ахьа латта чӀоггӀачу бух тӀе хӀоттийна, иза абаденналц меттах а дер дац. |
|
| 6 |
|
| Латта, юргӀано санна, Ахьа кӀоргачу хица дӀахьулдина, гобаьккхинчу хино лаьмнаш а къайладаьхна. |
|
| 7 |
|
| Амма хиш, Ахьа бохург а дина, юхадевлла, къекъачу Хьан озах къаьхкина уьш девдда дахана. |
|
| 8 |
|
| Лаьмнаш хьаладовлучу хенахь, тогӀеш охьайовлучу хенахь, уьш Ахьа царна билгалъяьккхинчу меттиге дӀадахана. |
|
| 9 |
|
| Ахьа царна тӀехдевр доцу доза дӀахӀоттийна, латта дӀахьулдан уьш юха ца дахийтархьама. |
|
| 10 |
|
| Ахьа тогӀешна чухула хин хьостанаш дӀадохуьйту, и хиш лаьмнашна юккъехула дӀа а оьху. |
|
| 11 |
|
| Цара ерриг а акхарошна хи ло. Акха варраша шайн хьогалла дӀайоккху. |
|
| 12 |
|
| Царна гонах стигаларчу олхазарша а шайн баннаш до, гаьннашна юкъара шайн аьзнаш схьа а хозуьйтуш. |
|
| 13 |
|
| Хьайн лакхенгара лаьмнаш Ахь хих Ӏабадо, Хьан куьйгаша кхоьллинчух Ахь латта Ӏабадо. |
|
| 14 |
|
| Бежанашка яийта Ахьа буц хьалайолуьйту, адамаша лелош долу ораматаш а хьаладовлуьйту. Иштта, цара лаьттара кхача кхиабо, |
|
| 15 |
|
| адаман дог самукъадаккха чагӀар а до, цуьнан сибат къаго зайтдаьтта а до, дог чӀагӀдеш долу бепиг а до. |
|
| 16 |
|
| Ӏаббалц тӀуналла ло Везачу Элан дитташна, Цо Ша дӀадоьгӀна долу Ливанунан баган-дитташна. |
|
| 17 |
|
| Царна тӀехь шайн баннаш до олхазарша, ткъа аисто шен бен лекхачу диттана тӀехь бина. |
|
| 18 |
|
| Лекха лаьмнаш масаршна хӀусам хилла дӀахӀиттина, ткъа тархех лаьмнийн дехкашна дӀаловчкъийла хилла. |
|
| 19 |
|
| Хенан хийцам гайтархьама, Ахьа бутт кхоьллина, ткъа ша маца дӀабуза беза хууш болу малх а Ахьа кхоьллина. |
|
| 20 |
|
| Ахьа бода дӀабаржабо, тӀаккха буьйса тӀекхочу. И хан тӀекхаьчча, евлла лелаш хуьлу массо а хьуьнан акхарой. |
|
| 21 |
|
| Лоьмаша, гӀигӀ деш, ижу йоьху, Дала ло кхача шайна лоьхуш. |
|
| 22 |
|
| Малх схьакхетарца уьш дӀа а теба, шайн Ӏуьргашкахь охьа а дуьйшу. |
|
| 23 |
|
| Ткъа адам шайн болх бан хьалагӀотту, цо сарралц къа а хьоьгу. |
|
| 24 |
|
| Ма дукха ду-кх, Веза Эла, Ахьа кхоьллинарг! Массо а хӀума хьекъалаллица кхоьллина Ахьа. Дерриг а дуьне Ахь кхоьллинчух хьаладуьзна ду. |
|
| 25 |
|
| Хьажахьа хӀорде, боккха а, шуьйра а болчу, чохь дагар ца даллал дукха яккхий а, кегий а садолу хӀуманех сийсаш болчу. |
|
| 26 |
|
| Цунна тӀехула хӀордкеманаш лела, цу чохь Левиятан ловзабуьйлу, Ахьа кхоьллина хӀордан саьрмик. |
|
| 27 |
|
| Цара массара а Ахьа шен-шен хенахь шайна кхача баларе сатуьйсу. |
|
| 28 |
|
| Ахьа царна кхача белча, цара иза дӀаоьцу, Ахьа Хьайн куьг делча, уьш дикачух Ӏеба. |
|
| 29 |
|
| Хьайн юьхь Ахьа къайлаяьккхича, уьш доьхна хьийза, шайн са Ахьа дӀадаьккхича, уьш ле, чан хуьлий, дӀа а довлу. |
|
| 30 |
|
| Ахьа царна Хьайн са делча, уьш кхуллу, цу тайпана Ахьа лаьттан сибат цӀиндо. |
|
| 31 |
|
| Массо а ханна хуьлийла Везачу Элан сийлалла, воккхавеш хуьлийла Веза Эла Ша кхоьллинчух! |
|
| 32 |
|
| Иза дӀахьожжушехь, дуьне дегадо, Иза дӀахьакхалушшехь, лаьмнех кӀур болу. |
|
| 33 |
|
| Везачу Элана назма олуш хир ву со, со мел веха, иштта сан Далла хастамаш беш а хир ву со, айса хан мел йоккху. |
|
| 34 |
|
| Реза хуьлийла Иза ас дӀаолучу назманна, со самукъадолуш хир ву Везачу Элах. |
|
| 35 |
|
| Дуьнен чуьра дӀабовлийла массо а къинош летийнарш, Ӏеса адамаш а ма хуьлийла кхин. Хастам бе, сан са, Везачу Элана! Везачу Элана бу хастам! |
|
|
|
|