×

Делан Йозанаш 2012

Забур 104

1
Баркалла ала Везачу Элана! Цуьнан цӀарна хастамаш бе! Довзийта халкъашна Цуьнан гӀуллакхаш.
2
Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна. Дерриг а Цуьнан тамашийначу гӀуллакхех лаций дӀадийца.
3
Дозалла де Цуьнан езачу цӀарах! Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла!
4
Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха, гуттар Цунна уллохь хила гӀерта.
5
Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гӀуллакхаш а, Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а,
6
ва Шен ялхо волчу ИбрахӀиман хӀу дерш, Ша хаьржина волчу Якъубан тӀаьхьенах дерш.
7
Веза Эла волу Иза вайн Дела ву. Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю.
8
Цо даим дагахь латтор бу Шен барт, эзаран барамехь йолчу тӀаьхьенашна Ша делла дош,
9
ИбрахӀимца Цо бина болу барт, Исхьакхана чӀагӀо йина долу ваӀда.
10
Цо Якъубана иза чӀагӀдира парз санна, Исраилана — гуттаренна а болу барт санна.
11
Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаӀанхойн латта, и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду».
12
Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла, кӀезиг а болуш, уьш махкахь тӀебаьхкина Ӏаш хилла.
13
Уьш дӀаоьхура цхьа къам долчуьра важа къам долчу, цхьана пачхьалкхера кхечу халкъан пачхьалкх йолчу.
14
Дала цхьанна а пурба ца лора уьш бацабайта, церан дуьхьа Цо паччахьашка дӀахьедар дора:
15
«Ас къобалбинчарах дӀа ма хьакхалолаш, Сан пайхамаршна зулам а ма делаш».
16
Дала мацалла хӀоттийра лаьтта тӀехь, церан дисна напха а хӀаллакдира Цо.
17
Цо царна хьалхаваьлла стаг вахийтира — лай вина воьхкина волу Юсуп.
18
Цуьнан когашна буржалш тоьхнера, цуьнан вортана тӀехь аьчка гӀомат яра,
19
ша аьлла долу хиндерг хилла а далале. Везачу Элан дашо иза зуьйш хиллера.
20
Мисар-мехкан паччахьо мукъаваьккхира Юсуп, набахтера араваьккхира иза къаьмнийн олахочо.
21
Цо шен цӀа чохь хьаькам вина дӀахӀоттийра иза, шен мел долчу хьолана дола дан а,
22
иштта цуьнга элашна тӀехь олалла дайта а, къаношна хьекъалалла далийта а.
23
ТӀаккха Исраил Мисар-махка чу велира, Якъуб Хьамин тӀаьхьенийн лаьтта тӀехь, хийра стаг санна, ваха дӀавахара.
24
ЧӀогӀа дебийра Везачу Эло Шен къам, церан мостагӀел а ницкъ болуш бира Цо уьш.
25
Цо мостагӀийн дегнаш хийцира, Шен къам ца дезийта а, Шен ялхошна дуьхьал мекарлонца лела а.
26
Цо Мисар-махка Шен ялхо волу Муса а, Ша хаьржина волу АхӀарон а вахийтира.
27
Мисархошна хьалха цара кхочушйира Дала царна аьлла йолу билгалонаш, Хьамин тӀаьхьенийн лаьтта тӀехь цара тамашийна гӀуллакхаш гайтира.
28
Дала бода бахийтира цига, боданах дуьзира латта, Цуьнан дешнашна дуьхьал уьш бевлла дела.
29
Церан хийх цӀий хилийтира Цо, церан чӀерий хӀаллак а хуьлуьйтуш.
30
Церан латта пхьидарчех хьаладуьзира, церан паччахьан цӀенош чохь а яра уьш.
31
Иза вистхуьллушехь, жӀаьлийн мозий гучудевлира, массо а махкахула чуьркаш а яьржира.
32
Церан догӀанех Цо къора хилийтира, массо а лаьттахула ткъес тохийтира.
33
Кемсийн таьллангаш а, инжиран дитташ а дохийра, шаьш долчохь мел долу дитт а хӀаллакдира.
34
Иза вистхуьллушехь, цӀоз даьржира, барам боцуш дукха уьш хилира.
35
Церан лаьтта тӀера ерриг буц а, кхаш тӀехь кхиъна мел долу ялта а дӀадиира цара.
36
Цул тӀаьхьа Цо массо а хьалха вина доьзалхо хӀаллаквира, церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтурш байина дӀабехира.
37
ТӀаккха Шен халкъ Мисар-махкара арадаьккхира Цо, деших а, детих а йина хӀуманаш цара дӀаяьхьира, Цуьнан долахь долчу тайпанех цхьанна а стеган ког а ца тасабелира.
38
Церан арадовларх даккхийдеш дара Мисар-махкара халкъ, исраилхойх болу кхерам царна тесна болу дела.
39
Цо марха яржийра, Шен халкъ дӀахьулдархьама, буса Цо цӀе хилийтира, царна серло ялархьама.
40
Цара яа хӀума йийхира — Цо лекъаш делира царна, стигаларчу ялтица уьш Ӏаббалц буза а бира.
41
Цо тарх йоьккъушехь, хи схьахецаделира, татолаш а хилла, иза яьссачу аренгахула дӀадахара.
42
Дала иза дира, хӀунда аьлча Цунна дагахь яра Ша йина еза чӀагӀо, Шен ялхо волчу ИбрахӀимна Ша делла долу дош.
43
Цо Шен къам доккхадерца арадаьккхира, цара самукъане маьхьарий а детташ, Мисар-махкара Ша хаьржинарш Цо арабехира.
44
Цо кхечу къаьмнийн латтанаш царна дӀаделира, кхечу наха къахьегнарг царна дӀакхачийтира,
45
Шен парзаш цаьрга кхочушдайтархьама а, Шен товрат-хьехамаш цаьрга ларбайтархьама а. Хастам бу Везачу Элана!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки