×

Делан Йозанаш 2012

Забур 105

1
Хастам бу Везачу Элана! Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
2
Везачу Эло мел дина сийлахь гӀуллакхаш хьаьнга кхайкхалур ду? Цунна боггӀу хастамаш кхоччуш хьаьнга балур бу?
3
Декъала ву бакъдерг лардеш верг, массо а хенахь нийсо лелош верг.
4
Веза Эла, Айхьа Хьайн къомана диканиг дича, суна а дехьа иза, Айхьа уьш кӀелхьарбохучу хенахь, суна а орцахвалахьа.
5
Ахьа хаьржинчеран хуьлу беркат суна гайтархьама а, Хьан къомаца цхьаьна соьга сакъерийтархьама а, Хьан долахь болчаьрца соьга а Хьох дозалла дайтархьама а.
6
Тхайн дайша санна оха къинош летийна. Оха вонаш а дина, Ӏеса а лелла тхо.
7
Тхан дай Мисар-махкахь болчу хенахь, Хьан тамашийначу хӀуманех уьш ца кхийтира, Хьан безам шайна мосазза гойту дага а ца догӀуш, уьш Эрзийн хӀорд болчохь Хьуна дуьхьалбевлира.
8
Амма Цо уьш Шен цӀе бахьана долуш кӀелхьарбехира, царна Шен нуьцкъалалла дӀагайтархьама.
9
Цо Эрзийн хӀордана омра дича, иза бакъабелира. Хих, гӀум санна, екъа хиллачу меттехула Цо уьш дӀабигира.
10
Цо уьш цабезачийн куьйга кӀелара схьабехира, мостагӀех уьш кӀелхьар а бехира.
11
Хино къайлабехира церан мостагӀий, царах цхьа а кӀелхьар а ца велира.
12
ТӀаккха Цо йинчу чӀагӀонех уьш тийшира, Цунна хастамийн эшарш а лоькхура.
13
Амма кестта Цуьнан гӀуллакхаш царна дицделира, Цуьнан хьехамашка а уьш ца хьоьжура.
14
Яьссачу аренгахь уьш лаамех буьзира, эрначу оцу аренгахь цара Дела зийра.
15
Цара дехнарг Цо царна дӀаделира, амма шатайпа долу хала ун царах кхетийтира.
16
Меттаматтара нах Мусах хьега буьйлабелира, Далла гӀуллакх дан къобалвинчу АхӀаронах а хьийгира.
17
ТӀаккха лаьтто, дӀаса а декъаделла, Датан дӀакхаьллира, Абирамна тӀаьхьахӀоьттина тоба лаьтто дӀайоьллира.
18
Царна тӀаьхьахӀиттинчарах цӀе елира, Ӏеса мел берш алуно дӀакхаьллира.
19
Хьариб-ломана уллохь халкъо деших старгӀа йира, лалийначу деших винчу оцу цӀунна Ӏибадат а дира.
20
Цара шайн сийлалла йолу Дела хийцира буц Ӏуьйшуш лаьттачу стеран суьртах.
21
Цара шаьш кӀелхьардаьхна волу Дела вицвинера, Мисар-махкахь тамашийна хӀуманаш дина волу,
22
Хьамин тӀаьхьенийн лаьтта тӀехь Ӏаламаташ дина волу а, Эрзийн хӀорд болчохь ларамах бузуьйту хӀуманаш дина волу а.
23
Везачу Эло уьш хӀаллакбийр бу аьллачу хенахь, Цо хаьржина волу Муса Цунна хьалха дӀахӀоьттира, Везачу Элан дералла нах хӀаллакбечуьра дӀа а ерзийра.
24
ТӀаьхьо церан дог делира исбаьхьачу лаьттах, Дала йинчу чӀагӀонах уьш ца тийшира.
25
Шайн четарш чохь хамталлаш дан буьйлабелира уьш, Везачу Эло бохучуьнга ла а ца дугӀуш.
26
ТӀаккха Цо айдинчу куьйгаца царна чӀагӀо йира, уьш яьссачу аренгахь балийта а,
27
церан тӀаьхьенаш кхечу къаьмнашкахула дӀасаяржо а, уьш хийрачу мехкашкахула дӀасакхисса а.
28
ТӀаккха цара ПаӀорехь волчу БаӀал-цӀунна Ӏибадат дарехь дакъалоцура, шайна чохь дахар доцучу харцделанашна даьхначу сагӀанех хӀума йоура.
29
Шаьш лелориг бахьана долуш Дела оьгӀазъоьхуьйтура цара, тӀаккха царна тӀе ун доьссира.
30
Амма Пайнехьас, дӀа а хӀоьттина, юкъарло йира, тӀаккха и ун дӀасадаьржачуьра сецира.
31
Цо иза бакъахьара гӀуллакх санна лерина, массо а ханна, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка.
32
Мерибан хиш долчохь адамаша Веза Эла оьгӀазвахийтира, ткъа уьш бахьана долуш, Мусана бохам баьккхира.
33
Цара Мусан синна халахетийтира, ткъа цо, ойла а ца еш, бага туьйхира.
34
Везачу Эло цаьрга халкъаш хӀаллакде аьллера, ткъа цара и тӀедиллинарг кхочуш ца дира.
35
Мелхо а, уьш кхечу къаьмнех болчу нахах дӀакхийтира, царна юкъахь лелаш долу гӀиллакхаш а шайна Ӏамийра.
36
Церан цӀушна Ӏибадат а дора цара, тӀаьххьара а царах гур а хилира царна.
37
Цара шайн кӀентий а, йоӀарий а жинашна сагӀина дӀалора.
38
Цара бехк боцу цӀий Ӏанадора, шайн кӀентийн а, йоӀарийн а цӀий, уьш канаӀанхойн цӀушна сагӀина дӀа а луш. Церан цӀий бахьана долуш латта бехдира цара.
39
Цара шаьш бехдира шайн гӀуллакхаш бахьана долуш, Далла тешаме ца хилира шайн сийсаза лелар бахьана долуш.
40
Цундела оьгӀазвахара Веза Эла Шен къомана, дегаза хийтира Цунна Шен долахь берш.
41
ТӀаккха Цо уьш хийрачу махкарчу нехан кара дӀабелира, тӀаккха царна тӀехь куьйгалла деш церан мостагӀий дӀахӀиттира.
42
МостагӀаша гӀело йора царна, церан куьйга кӀелахь уьш къера хилла дӀахӀиттира.
43
Везачу Эло дукхазза а кӀелхьарбохура уьш, амма царна Цунна дуьхьалбовла лаьара, уьш шайн къинойн уьшал чу кхин а кӀорга чубахара.
44
Ткъа Цо тидам бира уьш гӀайгӀанехь хиларан, церан орца даккхар Шена дӀахезча.
45
Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира.
46
ТӀаккха уьш йийсарехь латтош мел болчаьрга Цо царах къинхетам бойтура.
47
КӀелхьардахахьа тхо, тхан Веза Дела, схьагулдехьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара, тхоьга Хьайн цӀе хастаяйта а, Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а.
48
Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла азалехь дуьйна абаденналц! Массо а халкъо олийла: «Амин!» Хастам бу Везачу Элана!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки