|
| 1 |
|
| Хастам бе Везачу Элана Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу! |
|
| 2 |
|
| Иштта олийла Везачу Эло паргӀатбаьхначара, мостагӀийн карара Цо схьа мел баьхначара, |
|
| 3 |
|
| хийрачу мехкашкара Цо схьагулбиначара — малхбалехьара а, малхбузехьара а, къилбаседехьара а, къилбехьара а. |
|
| 4 |
|
| Цхьаберш яьссачу аренашкахула бевлла лелаш бара, шена чохь адамаш долчу гӀала боьду некъ а ца карош. |
|
| 5 |
|
| Цара мацалла а, хьогалла а ловра, церан синош царна чуьра дӀадовлуш дара. |
|
| 6 |
|
| Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира. |
|
| 7 |
|
| Цо уьш нийсачу новкъахула дӀабигира, шена чохь адамаш дехаш йолчу гӀала а бохуьйтуш. |
|
| 8 |
|
| Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш. |
|
| 9 |
|
| Цо хьогуш верг Ӏаба а во, меца верг диканца вуза а во. |
|
| 10 |
|
| Цхьаберш Ӏаьржачу боданехь бехаш Ӏаш бара, аьчка буржалш а тоьхна, гӀайгӀанехь а болуш, |
|
| 11 |
|
| хӀунда аьлча Цо аьллачунна цара дуьхьало йинера, Веза Воккхачу Дала бинчу хьехамах уьш ца баьшнера. |
|
| 12 |
|
| Церан дегнаш Цо халачу белхашца охьатаӀийра, уьш гал а бевллера, царна орцахвала цхьа а стаг а вацара. |
|
| 13 |
|
| Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира. |
|
| 14 |
|
| Цо уьш Ӏаьржачу боданера арабехира, церан буржалш доха а дина. |
|
| 15 |
|
| Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш. |
|
| 16 |
|
| ЦӀестан кевнаш Цо доха а до, аьчка гӀораш хьеша а хьоьшу. |
|
| 17 |
|
| Цхьаберш Ӏовдалш бара, гӀело а хьоьгуш, шайн зуламе некъаш а, шаьш летийна къинош а бахьана долуш. |
|
| 18 |
|
| Церан синош массо а кхачанах дӀадирзинера, уьш Ӏожаллин кевне а кхаьчнера. |
|
| 19 |
|
| Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш шайн баланах кӀелхьарбехира. |
|
| 20 |
|
| Цо Шен дашца дарба а дира царна, хӀаллакьхиларх кӀелхьар а бехира уьш. |
|
| 21 |
|
| Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш. |
|
| 22 |
|
| Цара Везачу Элана баркаллин сагӀанаш а дохийла, ирсечу эшаршца Цуьнан гӀуллакхех лаьцна дӀа а дуьйцийла. |
|
| 23 |
|
| Цхьаберш хӀордкеманашна тӀехь новкъа бовлура, уьш даккхий хиш тӀера совдегарш бара. |
|
| 24 |
|
| Царна гира Везачу Эло до гӀуллакхаш: кӀоргачу хӀордашна тӀехь долу Цуьнан тамашийна хӀуманаш. |
|
| 25 |
|
| Иза вистхуьллушехь, дарц тӀехьоду, яккхий тулгӀенаш ловза а юьйлуьйтуш. |
|
| 26 |
|
| Хинкеманаш стигала хьала а дахара, юха а кӀоргачу хи чу охьа а ийгира. Кеман чохь болчеран дегнаш шелделира. |
|
| 27 |
|
| Уьш, бехна нах санна, охьа а бетталуш, когаш а тийсалуш, лелара, церан хилла долу хьекъалалла а дӀадолура. |
|
| 28 |
|
| Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира. |
|
| 29 |
|
| Цо дарц тап-аьлла дӀасацийра, тулгӀенийн гӀовгӀа а дӀаелира. |
|
| 30 |
|
| ХӀорд дӀатийна хиларх уьш сакъералуш бара, ткъа Цо уьш шаьш хьаьгначу метте дӀакхачийра. |
|
| 31 |
|
| Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш. |
|
| 32 |
|
| Халкъан гуламна юкъахь цара Иза вазвойла, къанойн кхеташонехь Цунна хастамаш а бойла. |
|
| 33 |
|
| Цо хиш хиллачохь яьсса аре дӀахӀоттайо, хин татолаш хилла меттиг, якъайой, дӀа а йоккху. |
|
| 34 |
|
| Токхечу лаьттах Цо дуьра аре йо, цу тӀехь дехаш долчу адамийн волла. |
|
| 35 |
|
| Яьсса аре Цо, Ӏам бой, дӀахӀоттайо, ткъа йокъа хӀоьттинчу меттехь татолаш дохку. |
|
| 36 |
|
| Цо цига баха меца нах а балабо, ткъа цара цигахь шайна даха ховша гӀала а йо. |
|
| 37 |
|
| Кхаш тӀехь ялта цара дӀа а доь, кемсийн таьллангаш цара дӀа а югӀу, цигара шортта ялта схьа а гулдо. |
|
| 38 |
|
| Дукха бераш хилийта, Цо уьш декъал а бо, церан даьхнеш Цо лагӀ а ца долуьйту. |
|
| 39 |
|
| ГӀело хьегар а, бохам тӀебар а, баланаш лар а бахьана долуш уьш кӀезиг хилла дӀахӀитта мега. |
|
| 40 |
|
| ТӀаккха Везачу Эло церан элашна тӀе эхь тотту, уьш некъ боцучу яьссачу аренашкахула лоьлуьйту. |
|
| 41 |
|
| Амма къен стаг Цо гӀелонах схьа а воккху, цуьнан тӀаьхьенаш, жа санна, деба а йо. |
|
| 42 |
|
| Дика нах, и хӀума а гуш, баккхийбеш бу, ткъа вочеран цу хӀуманна дуьхьал ала хӀума а дац. |
|
| 43 |
|
| Хьекъалалла долуш болчарна и хӀуманаш дӀагойла, Везачу Элан хедар боцучу безамах лаьцна цара ойланаш йойла. |
|
|
|
|