×

Делан Йозанаш 2012

Забур 107

1
Даудан назма.
2
Сан дог Хьох тешна ду, Дела, ас Хьуна иллеш эр ду, дерриг а сайн синца Хьуна хастам бийр бу.
3
Самабала, мерз-пондар! ГӀатта, Ӏад хьокху пондар! Малх самабоккхур бу ас!
4
Халкъашна юкъахь, Веза Эла, Хьо ас хастор ву, Хьох лаьцна нахана хьалха иллеш эр ду.
5
Стигала кхаччалц бу Хьан безам, мархаш тӀе кхаччалц ду Хьан тешаме хилар.
6
Стигалел лакха хьалаволийла Хьо, Дела, дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла!
7
Хьайн аьтту куьйгаца тхо кӀелхьар а дахахьа, оха дина доӀа дӀа а хазахьа, Хьайна безнарш паргӀатбовлийтархьама.
8
Дала Шен езачу меттехь аьлла: «Толамах воккха а веш, Аса Шехем-гӀала а йоькъур ю, Сакхат-тогӀи а дӀасайоькъур ю.
9
ГалӀад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу, Эпрайм-мохк Сан коьртан чӀагӀо ю, ЯхӀуд-мохк — Сан паччахьаллин гӀаж ю.
10
Муаби-мохк — Сан юьхь-куьгдуьлург ю. Эдом-махкана тӀе Сайн мача кхуссур ю Ас, иза Сайн хилар дӀагайтархьама. ПӀелаштамхошна тӀехь толам баккхарна мохь беттар бу Аса».
11
ЧӀагӀйинчу гӀали чу хьан воккхур ву со? Эдом-махкана тӀе хьан вуьгур ву со?
12
Тхо дӀатеснарг Хьо-м вац те, ва Дела? Тхан эскаршца аравер вац те Хьо, ва Дела?
13
ГӀо дехьа тхуна мостагӀех тхаьш лардайта, хӀунда аьлча пайден дац адамашкара хуьлуш долу гӀо.
14
Делаца цхьаьна оха толам боккхур бу, тхан мостагӀий Цо дӀахьошур бу.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки