|
| 1 |
|
| Эшарш локхучу тобанан хьаькаме: Даудан назма. Ас хастамаш беш волу Дела, вист ца хуьлуш ма Ӏахьара Хьо, |
|
| 2 |
|
| хӀунда аьлча харцболу, ямарта нах соьга мотт бетташ, бистхуьлу, цара сох лаьцна бакъ доцурш а дуьйцу. |
|
| 3 |
|
| Цабезаман дешнашца цара го бина суна, цхьа а бахьана а доцуш, суна дуьхьалбевлла уьш. |
|
| 4 |
|
| Сан шайга болчу безамна дуьхьал цара со харцахьа бехкево, ткъа аса царна тӀера доӀанаш до. |
|
| 5 |
|
| Берриг а сан безамна дуьхьал цара вон доккху, сан шайца долчу доттагӀаллина дуьхьал цабезам а боккху. |
|
| 6 |
|
| МостагӀчунна дуьхьалвала Ӏесаниг къобалвехьа, цуьнан аьтту агӀор бехкевийриг дӀахӀоттавехьа. |
|
| 7 |
|
| Кхел хадаечу хенахь цунна кхел йойла, цуьнан доӀанаш а къилахь хетийла. |
|
| 8 |
|
| Цуьнан дисина денош кӀезиг хуьлийла, болх бечохь цуьнан меттиг кхечо дӀалоцийла. |
|
| 9 |
|
| Цуьнан бераш байлахь дуьсийла, цуьнан зуда а йисина лоьлийла. |
|
| 10 |
|
| Цуьнан берех кхерсташ лела сагӀадоьхурш хуьлийла, шайн йохийначу хӀусамашна арахь а болуш, уьш кхача лоьхуш лоьлийла. |
|
| 11 |
|
| Цуьнан долахь мел долу хӀума иза декхарийлахь волчо дӀалоцийла, цуьнан бахам хийрачеран кара а гӀойла. |
|
| 12 |
|
| Цхьа а цуьнца дика ма хуьлийла, цуьнан байлахь дисинчу берех цхьаммо а къинхетам ма бойла. |
|
| 13 |
|
| Цуьнан тӀаьхье а хӀаллакьхуьлийла, шолгӀачу тӀаьхьенахь хӀу хедийла цуьнан. |
|
| 14 |
|
| Цуьнан ден къинош Везачу Элана дагахь лоттийла, цуьнан ненан къа цкъа а дӀа ма доккхийла. |
|
| 15 |
|
| Церан къинош массо а хенахь Везачу Элана хьалха лаьттийла, царах-шайх болу дагалецамаш Цо дуьнен чуьра дӀабохийла. |
|
| 16 |
|
| Оцу стеган дагахь кхечуьнца дика хилар цкъа а ца хилла, мелхо а, пекъаршна а, къечарна а, дог доьхначарна а иза тӀаьхьаваьлла, уьш хӀаллакбархьама. |
|
| 17 |
|
| Цунна неӀалташ кхайкхо лаьара, цундела уьш цунна юхадоьрзийла, цунна нах декъалбар ца дезара, цундела иза а декъал ма войла. |
|
| 18 |
|
| Цо и неӀалташ, бедар санна, кест-кестта тӀедухура, хӀинца, хи санна, цуьнан кийра уьш кхочийла, даьтта санна, цуьнан даьӀахкашка кхочийла. |
|
| 19 |
|
| Цу неӀалташа, обано санна, верриг а дӀахьулвойла, уьш даим цо шена дӀадоьхку доьхка санна а хуьлийла. |
|
| 20 |
|
| И дерриг а Везачу Элан бекхам хилла дӀахӀуттийла со бехкевечарна а, сох лаьцна вониг дуьйцучарна а! |
|
| 21 |
|
| Амма Хьо, сан Хьалдолу Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа соьца лелахьа, Хьайн хедар боцу безам дика хиларна, со кӀелхьарваккхахьа. |
|
| 22 |
|
| Со гӀело хьоьгург а, пекъар а ма ву, сан кийрара дог а доьхна ду. |
|
| 23 |
|
| Къайладолуш долу ӀиндагӀ санна, худавелла дӀаволуш ву со. ЦӀоз санна, дӀачехош ву со. |
|
| 24 |
|
| Марха кхабарна сан голашкахь са а дац, сан дегӀ гӀел а делла, со аз а велла. |
|
| 25 |
|
| Сох нах кхаьрдарг хилла, сох шайн бӀаьрг кхетташехь, цара кортош а лестадо. |
|
| 26 |
|
| ГӀо дехьа суна, сан Веза Дела, Хьайн хедар боцучу безаме хьаьжжина, кӀелхьарваккхахьа со. |
|
| 27 |
|
| Сан мостагӀашна иза Хьан куьйго динийла дӀахоийла, со кӀелхьарваьккхинарг Веза Эла волу Хьо хиллийла. |
|
| 28 |
|
| Цара неӀалташ кхайкхадахь а, Ахьа со декъалвийр ву, уьш дуьхьалбовлахь а, шаьш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу, ткъа Хьан лай волу со воккхавеш хир ву. |
|
| 29 |
|
| Со бехке бийраш юьхьӀаьржонца кхолийла, бедарш санна, цара эхь тӀедухийла. |
|
| 30 |
|
| Ас мохь туххуш Везачу Элана хастамаш а бийр бу, дуккха а болчарна юкъахь Цунах лаьцна дуьйцур а ду. |
|
| 31 |
|
| ХӀунда аьлча Иза гӀийлачарна аьтту агӀор тӀехӀутту, царна кхел йиначеран карара уьш кӀелхьарбахархьама. |
|
|
|
|