×

Делан Йозанаш 2012

Забур 109

1
Даудан назма. Везачу Эло элира хьалдолчу эле: «Суна аьтту агӀор охьахаа, Аса Хьан мостагӀий хьан когашка охьабахккалц».
2
Паччахьан ницкъ болу гӀаж дӀакховдор ю хьуна Везачу Эло Цийон-ломара. Олалла де ахьа хьайн мостагӀашна юкъахь.
3
Хьан ницкъ гучубаьллачу дийнахь хьан халкъ ларамца хьуна тӀаьхьахӀуттур ду. Хьуна тешаме болу къонахий базаллехь гучубоху. Сатосуш дуьллу тхи санна, богӀу уьш хьуна тӀе.
4
Везачу Эло чӀагӀо йина, ткъа цунна тӀера юха ца волу Иза: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».
5
Хьуна аьтту агӀор ву Веза Эла. Ша оьгӀазваханчу дийнахь паччахьаш хӀаллакбийр бу Цо.
6
Цу дийнахь халкъашна тӀехь кхел а йийр ю Цо. Ткъа латта декъех дузур ду Цо. Лаьттара массо баьччанаш а хӀаллакбийр бу Цо.
7
Некъана йистехула догӀучу татол чуьра паччахьо хи мер ду. ТӀаккха цо, ницкъ тӀе а беана, корта хьалаойур бу.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки