×

Делан Йозанаш 2012

Забур 11

1
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма бархӀ мерз болчу пондарца ала еза.
2
КӀелхьарваккхахьа со, Веза Эла! Цхьа а суьпаниг ца висна-кх, адамашна юкъахь тешаменаш а бац-кх.
3
ХӀораммо а шен уллорачуьнга харцдерг дуьйцу. Шайн мекарчу меттанашца цара шалхо лелайо.
4
Ва Веза Эла! Дерриге а мекара меттанаш хедадехьа! Дозаллех юьзна хӀорра а бага дӀакъовлахьа!
5
Цара олу: «Тхайн меттанашца ларор ду тхо, хӀара баганаш тхан ю. Мила вер вара тхо совцо?»
6
Везачу Эло боху: «ГӀоттур ву Со мискачара хьоьгучу Ӏазапан дуьхьа а, къечара дечу узарийн дуьхьа а. Цара лоьху кӀелхьардовлар лур ду Аса царна».
7
Везачу Элан дешнаш — цӀена дешнаш ду. Кхерча диллина долу, ворхӀазза дахчийна дети санна уьш ду.
8
Веза Эла, гуттаренна а лардехьа тхо, оцу вочу нахах тхо гена а дохуш.
9
Гонах массанхьа а Ӏесанаш лела, массара а зуламениг хесточу хенахь.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки