×

Делан Йозанаш 2012

Забур 110

1
Везачу Элана бу хастам! А са вазвийр ву Веза Эла сайн доллучу даггара, баккъал догцӀена болчеран гуламна юкъахь.
2
В езачу Эло мел дийриг ма сийлахь ду! ГӀуллакхаш Цуьнан царах воккхавеш мел волчо толлуш ду.
3
Д еза а, исбаьхьа а Цуьнан гӀуллакхаш ду, ерриг а Цуьнан нийсо гуттаренна а лаьтташ ю.
4
З аманашкара Шен Ӏаламаташ дагалацийтира Цо. И Веза Эла дика а, къинхетаме а ма ву.
5
К хобуш ву Иза Цунна хьалха ларамах буьзнарш. Лоруш ву Иза нахаца Ша бина барт абаденналц.
6
М асех кхидолчу къаьмнийн латтанаш царна дӀа а делла, ницкъ Шен мел бу дӀагайтина Цо Шен къомана.
7
О нда а, нийса а ду Цуьнан куьйгаша мел дийриг. Пайда эцарца теша мегар ду массо а Цуьнан тӀедехкинчарах.
8
Р ажехь чӀагӀдина ду и тӀедехкинарш массо а ханна, и сацамаш тешамца а, догцӀеналлица а тӀебехкина дела.
9
Т утмакхаш болчуьра паргӀатдаккхина Цо Шен халкъ, хӀоттийна Цо абаденналц Ша бина барт. Цуьнан цӀе еза а, ларамах бузуьйтуш а ю!
10
Ш аьш хьекъалалле кхачийтархьама, нах уггар хьалха Везачу Эле ларамах буьзна хила беза. Эрна доцу дуьхьекхиар Цо тӀедехкинарш лардеш болчу массеран а хир ду. Ӏаббалц Цунна беш болу хастамаш абаденналц лаьттар бу.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки