×

Делан Йозанаш 2012

Забур 111

1
Везачу Элана бу хастам! А лсам декъала ву Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна верг, баккъалла а Цуьнан парзаш кхочушдарх дезар оьцуш верг.
2
В уно ницкъ болуш хир ду цуьнан бераш шайн махкахь. Гуттар декъалйина хир ю дог цӀена йолу цуьнан тӀаьхье.
3
Д у цуьнан хӀусамехь хьал, иштта шорто а хир ю, ерриг а ханна цуьнан нийсо дагалоцуш а хир ю.
4
З Ӏенарша боданехь а серло ло догцӀена болчарна а, иштта дика а, къинхетаме а, нийса а болчарна а.
5
К омаьршаллица ахча юхалург луш волчунна дика хир ду, ларамца хьанал гӀуллакхаш лелош верг ирсе хир ву.
6
М еттахваккхалур вац иштта волу стаг цкъа а. Нийса лелаш верг даим а дагахь лаьттар ву.
7
О рца доккхуш болчу вочу кхаьънех иза кхоьрур вац. Пайда эцарца Везачу Элах а тешаш, цуьнан дог чӀагӀлур ду.
8
Р еза хиларца а, кхерам боцуш а, цуьнан дог чӀогӀа лаьттар ду, са шен кӀелхьар а даьккхина, эшийначу мостагӀашка хьоьжур ву.
9
Т оам боллуш дӀало цо мискачу нахана, ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо. ХӀуттур бу цуьнан ницкъ сийлаллица.
10
Ц у суьрте хьоьжуш волу Ӏесаниг оьгӀазгӀур ву, шен цергаш а хьекхош, иза къайлавер ма ву. Ӏесачеран лаамаш хӀаллакьхир бу.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки