×

Делан Йозанаш 2012

Забур 112

1
Везачу Элана бу хастам! Везачу Элан ва ялхой, Цунна хастам бе! Везачу Элан цӀе аша хаста а е!
2
Хастам хуьлийла Везачу Элан цӀарна таханлерчу дийнахь дуьйна массо а ханна.
3
Малхбалера дуьйна малхбузе кхаччалц Везачу Элан цӀе хастаме хуьлийла.
4
Веза Эла массо а къаьмнел лекха лаьтташ ву, Цуьнан сийлалла стигалел лекха хьалаяьлла ю.
5
Мила ву вайн Везачу Делах тера верг, лакхаллашкахь Ӏаршана тӀехь Ӏаш волчу а,
6
стигалшка а, лаьтте а хьажархьама, лохха охьатаьӀаш волчу а?
7
Къен верг Цо хьала а воккху хотта юкъара, мисканиг Цо хьала а ойу ченна юкъара.
8
Цо уьш элашна юкъа охьаховшабо, шайн халкъах болчу элашна ховшабо.
9
Бер ца хуьлуш йолчу зудчуьнан тидам бо Цо цуьнан хӀусамехь, шен берех йоккхаеш йолу зуда Цо цунах йо. Везачу Элана бу хастам!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки