×

Делан Йозанаш 2012

Забур 113

1
Исраилхой Мисар-махкара арабевлча, Якъубан тӀаьхье хийрачу къомана юкъара схьаяьлча,
2
ЯхӀудан халкъ Везачу Элан деза къам хилла дӀахӀоьттира, Исраилан халкъ Везачу Элан долахь дерг хилла дӀахӀоьттира.
3
Иза гина болу Эрзийн хӀорд юхабедира, Йордан-хи а юханехьа доладелира.
4
УьстагӀий санна, кхиссалуш дара лаьмнаш, гунаш а дара, Ӏахарий санна, ирхлелхаш.
5
ХӀун хилла хьуна, хӀорд, хьо дӀа хӀунда бедда? Хьуна а хӀун хилла, Йордан, хьо юханехьа стенна доладелла?
6
Шу хӀунда кхиссаделла, лаьмнаш, уьстагӀий санна, ткъа шу а, гунаш, стенна кхиссаделла, Ӏахарий санна?
7
Дегаде, латта, Везачу Элана хьалха, Якъубан Далла хьалха дегаде.
8
Цо тархах, Ӏам бой, дӀахӀоттабо, иштта тӀулгаш юкъара хи а охьадоладолуьйту.
9
Тхуна а ца луш, Веза Эла, тхуна а ца луш, амма Хьайн цӀарна бен сийлалла ма лойла, Хьайн хедар боцу безам хилар а, Хьо тхуна тешаме хилар а бахьанехь.
10
Кхечу къаьмнех болчара стенна боху: «Мичахь ву церан Дела?»
11
Тхан Дела стигалахь ву, Цо Шена луъург а до.
12
Ткъа церан деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цӀуш бу.
13
Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го.
14
Церан лергаш а ду, амма царна ца хеза. Церан марош а ду, амма царна хьожа ца йогӀу.
15
Куьйгаш а ду церан, амма уьш хьакха ца ло. Когаш а бу церан, амма уьш лелаш бац. Церан легашкара аз а ца долу.
16
Царах терра хир бу уьш беш берш а, царах тешна Ӏаш верг муьлхха а.
17
Ва Исраилан халкъ, Везачу Элах тешна Ӏаш хила! Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.
18
Ва АхӀаронан тӀаьхье, Везачу Элах тешна Ӏаш хила! Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.
19
Цунна хьалха ларамах дуьзна дерш, Везачу Элах тешна Ӏаш хила! Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.
20
Везачу Элана вай дагахь лаьтташ ду, Цо вай декъалдийр ма ду: Исраилан халкъ Цо декъалдийр ду, АхӀаронан тӀаьхье Цо декъалйийр ю.
21
Цунна хьалха ларамах буьзнарш Цо декъалбийр бу. Лараме боцурш а, цӀеяханарш а цхьатерра декъалбийр бу.
22
Везачу Эло шу дебадойла, шу а, шун тӀаьхье Цо дебайойла!
23
Декъалдойла шу Везачу Эло, стигал а, латта а кхоьллинчо.
24
Стигал Везачу Элан долахь ю, ткъа латта Цо адамашна дӀаделла.
25
Беллачара Везачу Элана хастамаш бийр бац, Ӏожаллин тийналле боьссинчех цхьаммо а Цунна хастам бийр бац.
26
Везачу Элана хастамаш вай-м бийр бу, хӀинца дуьйна абаденналц. Везачу Элана бу хастам!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки