Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Суна везаш ву Веза Эла, Цунна сан аз дӀахазарна а, сан орца даккхар дӀахазарна а. |
| 2 |
| Шен лергаш Цо соьгахьа схьадерзийна дела, со дийна мел волчу хенахь, Цуьнга кхойкхуш хир ву. |
| 3 |
| Ӏожаллин машшех со тасавелла, эхартан къемат суна уллодаьлла, сингаттамо а, сахьийзаро а со охьатаӀийна. |
| 4 |
| ТӀаккха со Везачу Элан цӀе йоккхуш кхайкхира: «Веза Эла! КӀелхьардаккхахьа сан са!» — аьлла. |
| 5 |
| Веза Эла дика а, нийса а ву, вайн Дела къинхетаме ву. |
| 6 |
| ГӀо оьшуш берш Везачу Эло ларбо. Со холчу хӀоьттича, Цо со кӀелхьарваьккхира. |
| 7 |
| Ва сан са, паргӀат хилахьа, Везачу Эло хьуна дика дина дела. |
| 8 |
| Веза Эла, Ахьа сан са Ӏожаллех кӀелхьардаьккхина, сан бӀаьргаш — бӀаьрхих, сан когаш — ког тасабаларх. |
| 9 |
| Дийна болчеран хӀокху дуьнен чохь Везачу Элана хьалха лелар ву со. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/114.mp3
150
114