Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Со тешара, Аса аьллехь а: «Со чӀогӀа дог доьхна ву». |
| 2 |
| ТӀех сиха ас элира: «Муьлхха а стаг харцлуьйш ву». |
| 3 |
| ХӀун юхалур ю ас Везачу Элана Цо суна мел динчу диканна дуьхьал? |
| 4 |
| Со кӀелхьарваьлла хилар дага а лоцуш, Ас чагӀаран кад хьалаойур бу, доӀанца со Везачу Эле кхойкхур а ву. |
| 5 |
| Ас кхочушдийр ду сайн нигаташ Везачу Элана дерриг а Цуьнан халкъана хьалха. |
| 6 |
| Мехала ду Везачу Элан бӀаьргашна хьалха Цуьнан долахь болчех цхьаъ валар! |
| 7 |
| Ва Веза Эла! Со Хьан лай ву, со Хьан гӀарбаш йолчун кӀант ву. Ахьа паргӀатваьккхина со сайн буржалех. |
| 8 |
| Ас баркаллин сагӀа Хьуна доккхур ду, иштта доӀанца Везачу Эле кхойкхур ву. |
| 9 |
| Ас кхочушдийр ду сайн нигаташ Везачу Элана а, дерриг а Цуьнан халкъана а хьалха, |
| 10 |
| Везачу Элан цӀийнан керташкахь, хьуна юккъехь, ва Ярушалайм-гӀала! Везачу Элана бу хастам! |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/115.mp3
150
115