|
| 1 |
|
| Хастамаш бе Везачу Элана, Иза дика хиларна а, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц хиларна а. |
|
| 2 |
|
| Исраилан халкъо хӀинца олийла: «Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу». |
|
| 3 |
|
| АхӀаронан тӀаьхьено хӀинца олийла: «Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу». |
|
| 4 |
|
| Цунна хьалха ларамах буьзначара хӀинца олийла: «Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу». |
|
| 5 |
|
| Саготта волу со Везачу Эле кхайкхира, Цо, дӀа а хезна, синпаргӀатоне со ваьккхира. |
|
| 6 |
|
| Веза Эла соьца ма ву, со цхьана а хӀуманах кхоьрур вац. ХӀун дийр дара суна стага? |
|
| 7 |
|
| Веза Эла соьца ву, Иза сан гӀоьнча ву: со сан мостагӀашка толамца хьожур ву. |
|
| 8 |
|
| Везачу Эле ша ларвайтар гӀоле ду, адамех тешна хуьлучул. |
|
| 9 |
|
| Везачу Эле ша ларвайтар гӀоле ду, элех тешна хуьлучул. |
|
| 10 |
|
| Дуккха а къаьмнаш суна гонах девллера, амма Везачу Элан цӀарца ас уьш эшийра. |
|
| 11 |
|
| Цара суна массо а маьӀӀера го бинера, амма Везачу Элан цӀарца ас уьш эшийра. |
|
| 12 |
|
| Накхармозийн жӀугано санна, суна го бинера цара, амма чах яьлла цӀе санна, уьш сихха дӀабайира. Везачу Элан цӀарца ас уьш эшийра. |
|
| 13 |
|
| Со чӀоггӀа дӀатеттира, охьавожийта, амма Везачу Эло суна гӀо дира. |
|
| 14 |
|
| Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас йиш локху, Цо со кӀелхьарваьккхина дела. |
|
| 15 |
|
| Делан нехан хӀусамашкахь хезаш ду самукъане а, толаман а маьхьарий: «Везачу Элан аьтту куьйго толам боккху! |
|
| 16 |
|
| Везачу Элан куьг лекха хьалаайина ду, Везачу Элан аьтту куьйго толам боккху!» |
|
| 17 |
|
| Со лийр вац, амма вехар ву, Везачу Элан гӀуллакхех лаьцна дуьйцур ду. |
|
| 18 |
|
| Луьра таӀзар дина суна Везачу Эло, амма Ӏожалле Цо со дӀа ца кховдийна. |
|
| 19 |
|
| Схьаделлийша суна Делан лаамехь берш чубовлу кевнаш! Делан цӀийнан керта а ваьлла, ас Везачу Элана хастамаш бийр бу! |
|
| 20 |
|
| ХӀара ков Везачу Элан ков ду. Цу чу Делан лаамехь берш гӀур бу. |
|
| 21 |
|
| Хастам бо ас Хьуна, Веза Эла, со дӀа а хезна, Ахь со кӀелхьарваккхарна. |
|
| 22 |
|
| ГӀишло ечу пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь, коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина. |
|
| 23 |
|
| Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду. |
|
| 24 |
|
| ХӀара де — Везачу Эло кхочушбина болх бу. Цунах даккхий а деш, самукъане хила вай! |
|
| 25 |
|
| Ва Веза Эла, кӀелхьардахахьа тхо! Аьтто а бехьа тхан, Веза Эла! |
|
| 26 |
|
| Декъал хуьлда Везачу Элан цӀарах вогӀуш верг! Везачу Элан цӀа чуьра оха шу декъалдо. |
|
| 27 |
|
| Веза Эла ву Дела, Цо Шен серло тхуна тӀе хьажийна. Гаьннаш куьйга а лаьцна, даздан дуьйлалойша, сагӀа доккхучу кхерчана гонах халхарш дейша. |
|
| 28 |
|
| Хьо сан Дела ву, ткъа ас хастамаш бийр бу Хьуна. Хьо сан Дела ву, ткъа ас вазвийр ву Хьо. |
|
| 29 |
|
| Хастамаш бе Везачу Элана, Иза дика хиларна а, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц хиларна а. |
|
|
|
|