×

Делан Йозанаш 2012

Забур 118

1
А дамаш декъала хуьлу цӀеначу некъаца лелча, Везачу Элан товрат-хьехам тӀехь а лаьтташ.
2
А дамаш декъала хуьлу Цуьнан сацамаш ларбеш хилча, дерриг а шайн дагца Иза лохуш хилча.
3
А ла хӀума долу гӀуллакхаш цара ца до, амма Цуьнан некъашца лела уьш.
4
А хьа омранаш тхуна тӀедехкина, тхоьга уьш кхоччуш лардайтархьама.
5
А хь тӀедехкина парзаш лардарна сан некъаш тӀехьажийна делахьара!
6
А хьа мел тӀедиллиначуьнга со хьежахь, юьхьӀаьржачу хӀуттур вац со.
7
А са догцӀеналлица хастамаш бийр бу Хьуна, Хьан нийса тӀедехкинарш а Ӏамош.
8
А са Хьан парзаш лардийр ду. Кхоччуш дӀа ма тасахьа со!
9
Б еш болу шен дахаран некъ жимачу стага цӀена муха лелабо? Хьан дош кхочушдарца цӀена лелабо.
10
Б оллучу ницкъаца, сайн доллучу даггара Хьо лоьху ас, Хьан весеташ тӀера дӀа ма валийтахьа со.
11
Б акъдолу Хьан дош сайн даг чохь латтадо аса, Хьуна дуьхьал сайна къа ца латорхьама.
12
Б акъволу Эла, декъала ву Хьо! Хьайн парзаш суна хьехахьа.
13
Б агахула Ахь мел тӀедиллина хӀума сайн балдашца Аса кхайкха а до.
14
Б оккхачу бахамах санна, со воккхавеш ву Хьан бакъонийн некъаца леларх.
15
Б акъдолу Хьан омранийн ойла еш ву со, Хьан некъашка а хьоьжуш ву со.
16
Б акъдолу Хьан дош суна диц ца ло, мелхо а, Хьан парзех со воккха а воь.
17
В ехьа декъала Хьайн лай волу со, Хьан дош а лардеш со вахийтархьама.
18
В ехьа со бӀаьрса долуш, Хьан товрата тӀера тамашийна хӀуманаш суна гайтархьама.
19
В у со хьаша кху лаьттахь, ма дахахьа сох къайла Хьайн весеташ.
20
В у сайн са тӀехдуьзна ерриг а хенахь Хьан тӀедехкинаршна леринчу лаамех.
21
В у Хьо кура дегнаш долчарна тӀехдетташ. Хьан весетех дӀабевллачарна тӀехь неӀалт ду.
22
В аккхахьа со сайна тӀерачу эхьах а, дегабаамах а, ас Хьан бакъонаш кхочушйо дела.
23
В овшах а кхетта, суна дуьхьал элий барт беш белахь а, Хьан лай волчу аса Хьан парзех лаьцна ойланаш йийр ю.
24
В у со сакъералуш Хьан бакъонех, уьш суна хьехамчаш санна ма ю.
25
Г Ӏел а велла, со ченахь Ӏуьллуш ву. Денвехьа со Хьайн дашца.
26
Г учудехира ас сайн некъаш, Хьуна ас бохург дӀа а хезира. Ӏамадехьа суна Хьайн парзаш.
27
Г айтахьа суна Айхьа динчу омранийн маьӀна, тӀаккха ойла йийр яра аса Хьан тамашийначу хьехамех лаьцна.
28
Г ӀайгӀано дашош лаьтта сан са, Хьайн дашца чӀагӀвехьа со.
29
Г енабаккхахьа суна харцонан некъ, Хьайн диканца бовзийтахьа суна Хьайн товрат-хьехам.
30
Г онах сайна дӀахӀиттийна ас Хьан тӀедехкинарш, Хьуна тешаме хиларан некъ а хаьржина ас.
31
Г Ӏадвахна со Хьан бакъонашна, Веза Эла. Ма хӀоттавайтахьа со юьхьӀаьржачу.
32
Г Ӏадвахна воду со Хьан весетийн новкъахула, Ахьа сан даг чу сов кхетам биллина дела.
33
Д овзийтахьа суна, Веза Эла, Хьайн парзийн некъаш, со массо а хенахь уьш лардеш лелар вара.
34
Д овзийтахьа суна Хьайн товрат-хьехам, со цунна муьтӀахь хир вара. Сайн доллучу даггара и хьехам ас ларбийр бара.
35
Д аккхахьа сан са Хьайн весетийн новкъа, хӀунда аьлча царах ас марзо оьцу.
36
Д ерзадехьа сан дог Хьайн бакъонашна тӀе, сайна пайда болучунна тӀе дерзоран метта.
37
Д Ӏадерзадехьа сан бӀаьргаш эрна хӀуманашка хьоьжучуьра. Денвехьа со Хьайн некъа тӀехь.
38
Д ӀахӀоттадехьа Хьайн лай волчу суна Айхьа дина ваӀда, Хьуна хьалха ларамах буьзначарна лерина ваӀда.
39
Д Ӏадаккхахьа суна кхераме хеташ долу со емалвар. Делахь а Хьан тӀедехкинарш суна диканна ду.
40
Д езаш ма ду суна Хьан омранаш. Хьайн нийсонца денвехьа со.
41
Е рзайойла Ахьа суна тӀе Хьайн безаман марзо. Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со — Ахьа чӀагӀо ма йина.
42
Е малвар сайна деш волчунна ас тӀаккха жоп лур ду, хӀунда аьлча со Хьан дашах тешна Ӏаш ву.
43
Е рриг а йиш Хьох лаьцна бакъдерг дийца дӀа ма яккхахьа, хӀунда аьлча Ахьа ечу кхелашка со хьоьжуш ву.
44
Е рриге а хенахь, абаденналц ларбийр бу ас Хьан товрат-хьехам.
45
Е ллачу паргӀатонца лелар ву со, хӀунда аьлча ас Хьан омранаш лийхира.
46
Е ллачу Хьан бакъонех лаьцна дуьйцур ду ас паччахьашна хьалха, ийза а ца луш.
47
Е рриг а сан ойланашца суна уьш дезарна, Хьан весетех сакъералуш ма ву со.
48
Е рриге а сайн ойла Ахь деллачу парзашна тӀеерзор ю аса, сайна дезаделлачу Хьан весеташна куьйгаш тӀекхийдор ду аса.
49
З ерца Айхьа делла дош дагадаийтахьа, хӀунда аьлча цуьнга со сатуьйсуш ву.
50
З аза доккхуш санна, Хьан чӀагӀоно со денвар — иза сан догъэцар ду, со баланехь велахь а.
51
З ама мел йолу а, кура дегнаш дерш суна луьйш бу, амма со Хьан товрат-хьехаман некъа тӀера ца волу.
52
З аманашкара дуьйна долу Хьан тӀедехкинарш, Веза Эла, дага а доуьйтуш, царах аса сайн дагна синтем бо.
53
З уз дарца дегӀе эргӀадволу со, хӀунда аьлча Ӏесанаш Хьан товрат-хьехамна тӀера бовлу.
54
З овкх хьоьгуш ву со кху дуьнен тӀехь йолчу хенахь, Хьан парзех лаьцна эшарш а лоькхуш.
55
З ама буьйсане йирзича, Хьан цӀе дагайогӀура суна, Веза Эла, ткъа Хьан товрат-хьехам аса ларбийр ма бу.
56
З ама дӀа мел яларх, со иштта веха: Хьан омранашна со муьтӀахь ма ву.
57
И сан дакъа Хьо ма ду, Веза Эла. Аса чӀагӀо йина Хьан дешнаш лардан.
58
И штта, сайн даггара доӀанаш дира аса: Хьайн ваӀданца къинхетам бехьа сох.
59
И сайн лелар Хьан бакъонашна тӀе дерзадо ас, сайн дахаран некъех лаьцна ойланаш а йина.
60
И Хьан весеташ лардархьама, тӀаьхьа ца тоттуш аса сихо йо.
61
И штта ца бицбо ас Хьан товрат-хьехам, Ӏесачеран машшаш суна гонах делахь а.
62
И нзаре нийса долу Хьан тӀедехкинарш бахьана долуш Хьуна хастамаш бан хьалагӀотту со буьйсанна юккъехь.
63
И штта, Хьуна хьалха ларамах мел буьзначеран а, Хьан омранаш лардеш болчеран а доттагӀа ву со.
64
И дуьне Хьан безамах дуьзна ду, Веза Эла. Ӏамадехьа суна Хьайн парзаш.
65
Кх оьллина Ахь дика, Веза Эла, Хьан лай волчунна Хьайн дашца.
66
Кх ин а чӀогӀа Ӏамавехьа со дика къасто а, хьекъале хила а, хӀунда аьлча со Хьан весетех теша.
67
Къ иза бала айса хьегале, дикка хьалха, со тилавелла вара, ткъа хӀинца Хьан дош лардо аса.
68
К омаьрша а, диканиг дийриг а ву Хьо! Ӏамабехьа суна Хьайн хьехамаш.
69
К ура дегнаш долчара суна дуьхьал харцдерг кхуллу, амма Аса сайн доллучу дагца Хьан омранаш лардийр ду.
70
К урачийн дегнаш дерстина, мохь санна, ткъа аса Хьан товрат-хьехамах зовкх хьоьгу.
71
Къ аьхьа бала хьегар дика дара суна, цу бахьанина суна Хьан парзаш Ӏемина дела.
72
Кх оччуш дика бу суна Хьан товрат-хьехам, деших а, детих а дина эзарнаш ахчанал.
73
Л еррина кхолла а кхоьллина, дӀахӀоттийна со Хьан куьйгаша. Кхетавехьа со — тӀаккха Ӏемар ву со Хьан весеташ лардан.
74
Л арамах Хьуна хьалха буьзнарш со гарх баккхийбийр бу, хӀунда аьлча со Хьан дашах тешна Ӏаш ву.
75
Л еррина Ахь йина йолу кхелаш бакъ юйла хаьа суна, Веза Эла, Хьо суна тешаме хиларна, таӀзар а дина Ахьа суна.
76
Л аьа суна Хьан безамах сайна синтем хуьлийла, Хьан лай волчу суна Ахь чӀагӀо ма йина.
77
Л аьа суна Хьан къинхетамалла суна тӀехь хуьлийла, тӀаккха дика вехар ву со, Хьан товрат-хьехамах ас зовкх хьоьгу дела.
78
Л аьа суна кура дегнаш дерш юьхьӀаьржачу хӀуьттийла, хӀунда аьлча бехк боцуш суна гӀело йо цара. Со-м Хьан омранийн ойла еш ву.
79
Л аьа суна, Хьуна хьалха ларамах буьзнарш сайгахьа берзар — Хьан бакъонех кхеташ берш.
80
Л аьа суна сан дог цӀена хуьлийла Хьан парзашна гергахь, Хьуна гергахь юьхьӀаьржачу ца хӀоттархьама.
81
М а дешна дӀадаьлла сан са, Ахь со кӀелхьарваккхаре сатийсарна. Хьан даше сатуьйсу ас.
82
М а дешна дӀадевлла сан бӀаьргаш, Хьан чӀагӀоне сатийсарна. Ас боху: «Маца бийр бу Ахьа сан синна хьаам?»
83
М а хилла со тишбелла пӀаьлдиг санна, амма Хьан парзаш суна диц ца делла.
84
М ел ду те Хьан лай волу со Ӏан дезаш долу денош? Маца йийр ю те Ахьа кхел суна гӀело ечарна?
85
М а дукха оьрнаш даьхна суна кура болчу а, Хьан товрат-хьехаме ла ца дугӀучу а наха.
86
М а тешаме ду Хьан дерриге а парзаш. Харцонца ма тӀаьхьабевлла суна, гӀо дехьа суна!
87
М аьӀӀаргона со лаьттара дӀавойура цара, амма ас Хьан омранаш ца дитира.
88
М еттавалавай, денвехьа со Хьайн безамца, Ахьа елла бакъонаш соьга ларъяйтархьама.
89
Н ийсса ду гуттаренна а Хьан дош, Веза Эла, стигалшкахь иза чӀагӀдина лаьтташ ду.
90
Н ехан массо а тӀаьхьенашкахула Хьо тешаме ву. Ахьа дӀахӀоттийна латта, цундела иза лаьтташ ду.
91
Н исдина лаьтташ ду дерриге а и хӀуманаш тахханалц а Хьан тӀедехкинаршца, хӀунда аьлча дерриг а хӀума Хьуна гӀуллакх деш ду.
92
Н ицкъболчу Хьан товрат-хьехамах аса зовкх ца хьегнехьара, баланаш хьегарна, со хӀаллакьхилла хир вара.
93
Н ийсса цкъа а дицдийр дац ас Хьан омранаш, хӀунда аьлча цаьргахула Ахь со ден ма вина.
94
Н ицкъ ма-кхоччу ас Хьан омранаш лехна дела, со кӀелхьарваккхахьа, со Хьан ву.
95
Н овкъахь Ӏесачара суна кӀело йо, со вен дагахь, ткъа аса Хьан бакъонех лаьцна ойланаш йийр ю.
96
Н ийсса доза гинера суна мел айпе доцучун, амма Хьан весеташ доза доцуш даккхий ду.
97
О ццул дика болу Хьан товрат-хьехам ма беза суна! Дийнан дохаллехь цунах лаьцна ойла еш ву со.
98
О цу сан мостагӀел хьекъале вина со Хьан весето, иза массо а хенахь соьца цхьаьна долу дела.
99
О ьзда мел болчу сан хьехамчел а кхетаме хилла со, хӀунда аьлча Хьан бакъонех лаьцна ойла еш ву со.
100
О нда кхетам болчу къанойл а хӀума хууш ву со, хӀунда аьлча ас Хьан омранаш лардо.
101
О цу муьлххачу а зуламечу некъах ларбо аса сайн когаш, Хьан дош лардархьама.
102
О цу Ахьа тӀедиллинчух а ца къехка со, хӀунда аьлча Ахь-айхьа со Ӏамаво.
103
О ццул мерза ду-кх сан къамкъаргана Хьан дешнаш! Сан бетана мазал а мерза ду уьш.
104
О цу Хьан омранашкахула кхетам белла суна, цундела суна ца беза муьлхха а болу харцнекъ.
105
П айден Хьан дош чиркх санна ду суна, сан тачанехь иза суна серло ю.
106
П айденна долу Хьан нийса тӀедехкинарш лардан ас, дуй а бууш, чӀагӀо ма йинера.
107
П екъаро санна ас дуккха а гӀело хьегна. Веза Эла, Хьайн дашца дахар лохьа суна.
108
П аргӀат долчу сан синца сан багара долу сагӀа дӀаэцахьа, Веза Эла, Хьайн тӀедехкинчарах кхета Ӏамавехьа со.
109
П аргӀат долчу сан дахарна гуттар кхерам а лаьтташ, амма Хьан товрат-хьехам ас биц ца бо.
110
П аргӀат со ца хилийтархьама, Ӏесачара суна гур боьгӀна, амма со Хьан омранашна тӀера ца ваьлла.
111
П айда эцарца сан дог самукъа а доккхуш, массо а ханна Хьан бакъонаш сан долахь ю.
112
П усар дарца сайн дог ас тӀе-ма-дерзийнера чаккхенга кхаччалц Хьан парзаш лардан.
113
Р еза вац со кхоччуш тешам боцучарна, ткъа Хьан товрат-хьехам суна беза.
114
Р езахиларца сатуьйсу ас Хьан даше. Хьо — сан дӀалечкъийла а, сан турс а ду.
115
Р езахиларца сайн Делан весеташ лардойла аса. ДӀадовла суна уллора, вониг лелош дерш!
116
Р ицкъа хилийтахьа сан Хьайн чӀагӀонца, тӀаккха со вехар ву. Сан сатийсамехь со юьхьӀаьржачу ма хӀоттавехьа.
117
Р еза суна Хьо хиларо со кӀелхьарвоккхур вара. Массо а ханна Хьан парзийн Аса тидам бийр бара.
118
Р еза боцуш Хьан парзашна дуьхьалбевлла лелаш берш массо а Ахь дӀатотту, хӀунда аьлча церан мекарлонаш эрна ю.
119
Р огӀ-роггӀана лаьттара Ӏесанаш, хатт санна, Ахь дӀабоху, цундела езаелла суна Хьан бакъонаш.
120
Р аж йоцуш дегош ду сан дегӀ Хьох кхерарна. Сан дага чу кхерам тесна Ахь йинчу кхелаша.
121
С о бакъдерг а, нийсо а лелош Ӏийра, ма вахийтахьа со сан мостагӀийн кара.
122
С уна диканна, Хьан лай волчу соьгахьа гӀо а даккхий, ларвехьа со, курачаьрга гӀелонаш ца йойтуш.
123
С ан бӀаьргаш гӀелделла ду, Ахь кӀелхьарваккхаре хьежарна. Нийсонца Ахь йина чӀагӀо кхочушъяре хьоьжуш ма ву со.
124
С о лелавехьа, Хьайн безаме хьаьжжина, со Хьайн парзех а кхетавехьа.
125
С о Хьан лай ву, Ӏамавехьа со, тӀаккха кхетар ву со Хьан бакъонех.
126
С ийсаз а бохуш, Хьан товрат-хьехам талхорна, Ахь кхел ян езаш йолу хан тӀекхаьчна, Веза Эла.
127
С уна Хьан весаташ дешил дезаш ду, ур-атталла цӀеначу дешил сов деза.
128
С айна Ахь тӀе мел дехкина омранаш нийса хеташ ас тӀеоьцу, муьлхха а харцонца болу некъ суна чӀогӀа ца беза.
129
Т Ӏех инзаре ю Хьан бакъонаш, цундела царна муьтӀахь ву со.
130
Т Ӏех серло ло Хьан дешнийн дӀаделларо, муьлхха а хууш воцург кхета а во цо.
131
Т Ӏех дукха Хьан весеташка сатийсарна гӀаттийначу баганца аса синош доху.
132
Т ам а бехьа суна, къинхетам а бехьа сох, Хьан цӀе езачарах Айхьа ма-барра.
133
Т ӀечӀагӀбехьа сан когаш Хьайн дашца, зуламечу хӀумане со кӀел ма витийтахьа.
134
Т Ӏех адамаша ницкъ барх кӀелхьарваккхахьа со, Хьан омранашна со муьтӀахь хилийтархьама.
135
Т ешамца Хьан юьхь тӀера серло суна лепаехьа, Хьан парзех со иштта кхетавехьа.
136
Т Ӏех халахетарна сан бӀаьргех хиш оьху, Хьан товрат-хьехам наха лар ца бо дела.
137
У ггаре а нийсаниг, Веза Эла, Хьо ма ву, ткъа Хьан тӀедехкинарш бакъ ма ду.
138
У ггаре нийса а, тешаме а ю Ахьа тӀе мел ехкина бакъонаш.
139
У ллогӀерта цӀе санна, оьгӀазло суна чохь йогуш ю, хӀунда аьлча сан мостагӀаша дицдо Хьан дешнаш.
140
У ггар зийна ю Ахь йина чӀагӀонаш, Хьан лай волчу суна уьш езаелла.
141
У ггаре кӀезиг а, нахана дола хеташ а со воллушехь, аса Хьан омранех цхьа а диц ца до.
142
У ггар дукха ханна Хьан нийсо лаьтташ ю, ткъа Хьан товрат-хьехам билггал а тешаме бу.
143
У ггар хала бала а, гӀайгӀа а тӀееана суна, амма Хьан весеташ — суна сакъерадалар ду.
144
У ггар а нийса ю Хьан бакъонаш абаденналц. Хьехар дехьа суна, тӀаккха со вехар ву.
145
Хь оьга, Веза Эла, кхойкху со сайн доллучу даггара. Со дӀахазахьа, ас Ӏалашдийр дара Хьан парзаш.
146
Хь оьга со кхойкхуш ву. КӀелхьарваккхахьа со, ткъа Хьан бакъонаш аса Ӏалашйийр яра.
147
Хь оьга гӀо доьхуш сахиллалц Ӏа со, Хьан дашах дегайовхо а ю сан.
148
Хь ан чӀагӀонех лаьцна ойланаш ярхьама, аса буса сахиллалц бӀаьргаш дӀа ца къовлу.
149
Хь айн хедар боцучу безаме хьаьжжина, сан озе тидам бехьа, Веза Эла, Хьайн нийсоне хьаьжжина, сан дахар Ӏалашдехьа!
150
Х Ӏилла лело дагатеснарш тӀегӀоьртина суна, уьш Хьан товрат-хьехамна генахь бу.
151
Хь о уллохь ву суна, Веза Эла, Хьан дерриг а весеташ нийса ду.
152
Хь ан бакъонех лаьцна дикка хан ю суна хиъна, уьш Ахьа массо а ханна дӀахӀиттинийла а хаьа суна.
153
Ч ӀогӀачу баланехь со хиларе а хьажий, кӀелхьарваккхахьа со, хӀунда аьлча ас биц ца бо Хьан товрат-хьехам.
154
Ч ӀагӀо Айхьа ма-ярра, со кӀелхьарваккхахьа. Сан къовсам къаста а беш, со паргӀат а ваккхахьа.
155
Ч ӀогӀа генахь бу Ӏесанаш кӀелхьарбахарх, царна Хьан парзаш кхочушдан ца лаарна.
156
Ч ӀогӀа къинхетаме ву Хьо, Веза Эла. Хьайн кхел ярца денвехьа со.
157
Ч ӀогӀа дукха бу суна тӀаьхьабевлларш а, мостагӀий а, амма Хьан бакъонашна со генаваьлла вац.
158
Ч ӀогӀа дог делира сан Хьуна тешаме боцурш ган, хӀунда аьлча Хьан дош ца лардо цара.
159
Ч ӀогӀа Хьан омранаш суна дезаш хиларе хьажахьа, Веза Эла, Хьайн безамца денвехьа со.
160
Ч ӀогӀа тешаме бу Хьан дешан бух, массо а Хьан нийса тӀедехкинарш абаденналц ду.
161
Ш аьш бакъ боццушехь, суна тӀаьхьабевлла куьйгалхой, амма сан дог, ларамах а дуьзна, Хьан дош бахьана долуш дегадо.
162
Ш ена йоккха са яьлларг санна, воккхавеш ву со Хьан чӀагӀонах.
163
Ш еко а йоцуш, ца деза суна харцдерг, ткъа Хьан товрат-хьехам суна беза.
164
Ш аерг нийса йолу Хьан кхелаш бахьанехь, дийнахь ворхӀазза хастам бо ас Хьуна.
165
Ш ортта синпаргӀато ю Хьан товрат-хьехам безачийн, ткъа уьш тасабалийта я галбовлийта хӀумма а дац.
166
Ш еко йоцуш, Ахь кӀелхьарваккхаре дегайовхо ю сан, Веза Эла, Хьан весеташ а кхочушдо ас.
167
Ш атайпа Хьан бакъонаш сан сино ларйо, уьш суна Ӏаламат дукха а еза.
168
Ш адерг сан некъаш Хьуна хьалха хиларна, Хьан омранаш а, бакъонаш а ларйо ас.
169
Ӏ азап чуьра ас доккху орца дӀакхочийла Хьоьга, Веза Эла. Хьайн дашца кхетам лохьа суна.
170
Ӏ ийжаме сан доӀанаш Хьоьга дӀакхочийла. Хьайн чӀагӀонца со кӀелхьарваккхахьа.
171
Ӏ анор бу сан багано Хьуна хастамаш, Ахь Хьайн весетех со кхетаво дела
172
Ӏ абарца сан матто дӀакхайкхадойла Хьан дош, хӀунда аьлча массо а Хьан весеташ нийса ду.
173
Ӏ аламат тешаме долу Хьан куьг суна гӀоьнна хуьлийла, хӀунда аьлча ас Хьан омранаш кхочушдан хаьржина.
174
Ӏ ебийла Ахь кӀелхьарваккхарх болу сан хьагам, Хьан товрат-хьехамах со сакъералуш ву.
175
Ӏ ойла сан са Хьуна хастамаш а беш, Ахьа тӀедехкинарш суна гӀортор санна хуьлийла.
176
Ӏ ахар тила ма-баллара, тилавелла со. Хьайн ялхо волу со лехахьа, хӀунда аьлча Хьан весеташ суна диц ца делла.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки