×

Делан Йозанаш 2012

Забур 119

1
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса, ткъа Цунна со дӀа а хезира.
2
Веза Эла! КӀелхьардаккхахьа сан са харцлуьйш болчу нехан маттах, эладита лелочеран харцонах.
3
Ва харцонца ледеш дерш! Дала шуна хӀун дийр ду те? Цо шуна стенца таӀзар дийр ду те?
4
ТӀемалочун ирачу пхарца а, жӀоламах богуш болчу кӀегаца а Цо таӀзар дийр ду шуна.
5
Бала бу соьгахь машахахой санначарна уллохь вехаш хиларна, иштта къедархой санначеран четаршна юкъахь вехаш хиларна а.
6
ТӀехдукха ваьхна со машар ца безачарна юкъахь.
7
Со машаре стаг ву, амма со вистхуьллушехь, уьш тӀамана кийча хуьлу.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки