Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. |
| 2 |
| Кхин а мел ханна хир ду те Ахьа сан тергам ца бар, Веза Эла? Кхин а мел Ӏийр ву те Хьо соьгахьара дӀавирзина, Веза Эла? |
| 3 |
| Мел Ӏан деза те сан бала хьоьгуш, хӀора дийнахь сайн даг чохь болу сингаттам лелош? Кхин мел хан ер ю те сан мостагӀаша со хьийзош? |
| 4 |
| Сан Веза Дела, хьажахьа Хьо соьга, лохьа суна жоп. Юхаерзаехьа сан могушалла а, со велла дӀа ца валийтархьама. |
| 5 |
| Ша сол тоьлла ма олийла сан мостагӀчо! Со эшна аьлла, хаза ма хетийла суна тӀаьхьа бевллачарна. |
| 6 |
| Ткъа со Хьан хедар боцучу безамах тешна ву. Ахьа со кӀелхьарваккхарна, Сан дог самукъадаьлла хир ду. Ахь суна динчу диканна, ас Хьуна иллеш эр ду! |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/012.mp3
150
12