×

Делан Йозанаш 2012

Забур 120

1
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ас сайн бӀаьргаш лаьмнаш долчу дӀахьажабо, сайна гӀо стенгара схьакхочур ду а хоьттуш.
2
ГӀо Везачу Элера хир ду суна, стигал а, латта а кхоьллина волчу.
3
Хьан ког тасаболуьйтур а бац Цо, сема а хир ву хьо ларвеш Верг.
4
Сема а ву, вижина а вац Исраилан халкъ лардеш Верг.
5
Веза Эла хьо ларвеш Верг ву. Веза Эла хьан аьтту куьг долчу агӀонгахь долу ӀиндагӀ ду.
6
Я дийнахь кхеттачу малхо а, я буса кхеттачу батто а хьуна цатам бийр бац.
7
Везачу Эло массо а бохамах ларвийр ву хьо, хьан са лардийр ду Везачу Эло.
8
Хьо воьдуш-вогӀуш массанхьа а Везачу Эло ларвийр ву хьо хӀинца дуьйна абаденналц.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012
:
Сохранить Заметки