Делан Йозанаш 2012
|
| 1 |
| Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Воккхавеш вара со, сайга аьлча: «Везачу Элан цӀийнан керта гӀо вай». |
| 2 |
| Хьан кевнашкахула а бевлла, тхан когаш лаьтташ бу, Ярушалайм |
| 3 |
| Дика цхьаьнатоьхна йина гӀала санна, чӀагӀйина лаьтташ ю Ярушалайм. |
| 4 |
| Везачу Элан долахь долу исраилхойн тайпанаш хьаладогӀуш йолу меттиг а циггахь ю. Исраилан халкъана бакъо елла ю Везачу Элан цӀарна цигахь хастамаш бан. |
| 5 |
| Цигара нийса кхел ярца паччахьалла деш ду, Даудан цӀийнан паччахьан гӀант цигахь лаьтташ ду. |
| 6 |
| Деле бехийша Ярушалаймана машар: «Маьршачу меттехь хуьлийла хьо езаш берш! |
| 7 |
| Машар лаьттийла хьан пенашна юкъахь, сашорте лаьттийла хьан гӀепашна чохь!» |
| 8 |
| Сайн гергарчеран а, уллорачеран а дуьхьа ас эр ду: «Машар хуьлийла хьуна чохь!» |
| 9 |
| Вайн Везачу Делан цӀийнан дуьхьа хьуна диканиг хуьлийла доьху ас. |
| Сохранить Заметки |
https://beblia.bible:81/BibleAudio/chechen/psalms/121.mp3
150
121